ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Нохчийчоь мукъна а карахь латтайахьара цо". Стенна ца воьду Кадыров тIамтIе?


Кадыров Рамзанан телеграм-каналера видеон скриншот - дивана т1ера кхайкхамаш беш ву Украинана дуьхьал тIом бе бохуш
Кадыров Рамзанан телеграм-каналера видеон скриншот - дивана т1ера кхайкхамаш беш ву Украинана дуьхьал тIом бе бохуш

Украинехь шуьйра тIом болийначул тIаьхьа Нохчийчоьнан урхалхочо дIахьедора, оцу тIамехь вала шен "лаам" хиларх. Изза шайн лаам дIа ца гойту мехкан бахархой сийсазбо цо. Оцу йукъанна 14 баттахь боьдучу тIамехь Украинехь хаавелла вац политик. ХIунда ца воьду Кадыров тIамтIе, листира Кавказ.Реалиин сайто.

ТIамца чугIоьртина 2022-чу шарера схьа дуьйна Нохчийчоьнан куьйгалхочун боллу болх, "лаамхойн" могIаршка дIайазло бохуш, махкахошка кхайкхамаш беш, тIеман агитаци йеш бу. Хьалхарчу беттанашкахь махкара тIаме хьийсийначийн терахьех тIемалойх Нохчийчоьнан Iедалхоша дозаллаш динехь а, шо чекхдолуш къоьлла хIоьттира, Кадыровс ша а цхьаьна дийцира цунах лаьцна. Оцу йуккъехула хийцайелира цуьнан риторика а – регионан куьйгалхо дера, сийсазе, доьналла дац, иман дац шуьгахь, "дайн сий дойу" бохуш, йуьхь йаха волавелира.

"ХIун деш Iа шу хевшина?! Же маса, гулло! Вовшахтоха полкаш, батальонаш, шу тIом бан дезаш ду, шайн интересаш къуьйсуш…ХIора нанас, хIора дас дIавала веза шен воI. ХIее, самадовла! Бусулба хила, боьрша хила. ХIара тIом бу - беза тIом! Оцу тIамехь вала хьаьгна ву со. Со леш ву (хетарехь, "са тесна ву" ала гIерташ хилла.- Ред.билгалдаккхар.), сан бераш оцу безачу тIаме бала лууш", - дIахьедира лахьанан-баттахь Кадыровс, шен резиденцихь йолчу дивана тIехь Iуьллучуьра.

Путинна-м лууш хира дара, оцу тIамехь Кадыровс шена толам баккха, амма вукхуьнан ницкъ ца кхочучух тера ду

Дивана тIехь стенна Iаш ду шу бохуш, масийттазза цо ша а бехкаш дехира шен оппоненташкара. Масала, иштта комментарий йо Нохчийчоьнан куьйгалхочо, украинхойн талламо кадыровхошлахь эгначех хаамаш гIарабаьхча: "Хиламаш боьлхучу меттиге а ца боьлхуш, дивана тIера схьа цхьаболчу индивидаша болх бечу хенахь иштта нисло". Оцу кепара "Ахмат" спецназан могIаршка кхайкхира цо хIора "кIедачу дивана тIехь вижина Iилла ца луучу патриоте".

"Тахана, ша шена дош хета бусулба стаг – иза чохь соьцур вац. Цунна шенна карор йу автомат а, мел оьшург а, иза ша гIур ву тIом бан…Делаца дуй буу аса, доккха джихIад ма ду хIара", - Соьлжа-ГIала а хиина бехира Кадыровс цкъа, тIом боьдучу меттигана цхьа эзар ахэзар чакхарма генара.

Геннара тIамехь дакъа а лоцуш, совгIаташ оьцу Кадыровс. ГIадужу-беттан 5-чохь Оьрсийчоьнан президенто - цуьнан винчу денна лерина- инарла-полковник аьлла, чин делира цунна. Цул а хьалха сепартистийн "ДНР-н" куьйгалхочо Пушилин Дениса а йелира цунна ДоттагIаллин орден "Донбасс мукъайоккхуш дакъалацарна". Мариуполь схьайаьккхича а йелира цо политикна мидал "тIеман операцин буьйралла деш майралла гайтарна а, шен са ца кхоорна а".

"Путина ца вохуьйту"

ТIом балале хьалха Кадыровн политика нислуш йара, Нохчийчохь "машаре" кхуьйкхуш, цигахь йеххачу заманчохь лаьттира суверенитетан агIончийн болам. Бахархой тешон гIертара мехкан урхалхо, уггар чIога дика Далла гIуллакх дар – "гIазотан тIом" бац, шен доьзал кхиор а, да-нана лелор а ду бохуш. Амма шен дог-ойла политико Iаламат маса хуьйцу – хIоразза а, махкахой кеп-кепарчу Оьрсийчоьно дакъалоцучу тIеман конфликташка хьийсон безачу заманчохь. Уггар а бIаьрлачех дара Шемахь тIом болуш а, 2014-чу шарахь Укаринехь хиламаш хилча а, 2022-чу шарахь оцу пачхьалкхе чугIоьртича а.

Хьалха хиллаче массарна а хезаш Путине дехарш дора Кадыровс, Нохчийчуьра тоба Шема йахийта бохуш. "Со ирс долуш хир вара, дозалла а дийр дара ас оцу кепара буьйра Оьрсийчоьнан эскарийн Лаккхарчу буьйранчас сайна дича", - йаздира цо инстаграмехь. ТIаьхьо, 2016-чу шарахь эскархойн тобано ладуьйгIира мехкан муфтийн Межиев Салахьан дийцаре. ДаIишна дуьхьал тIом бан пурба ло шена бохуш, цо дехарш дарх, амма вукхо бакъо ца йелла бахара.

Йа Кадыровс а, йа цуьнан гергарчара а цкъа а тIом бийр бац, хIунда аьлча, уьш кIиллой бу

"ДIакхайкхадейша, дийцийша, стенгахь ду и джихIад! АллахIор, со уггар а хьалха цига гIур ма ву тIом бан! Ас чIагIо ма йо уггар а хьалхарчу могIаршкахь тIом бан!", - бехира Кадыровс хьалхо, махкахошна критика а йеш, маьждигехь къамел деш. Бакъду, оццул дIагIерташшехь, баккъалчу тийсадаларшкахь тIаьххьарчу 15 шарчохь Кадыровс дакъалаьцна дац.

Украинехь тIемаш бечу меттигашка ша кхаьчна бохуш дIахьедечу регионан урхалхочо еккъа цхьа роликаш бен ца гойту цхьатеррачу лармиш чохь йаьхна йолу. И видеош стенгахь йаьхна хаа аьтто бац. Оцу йукъанна, 2014-чу шеран гIуран-баттахь Кадыров дагахь хиллера Нохчийчоьнан куьйгалхочн дарж охьа а диллина, Донбассе тIом бан ваха. И цхьаьна ца догIурш дуккха доллушехь, хIинца а кхуьйкху цо Оьрсийчоьнан Малхбузена дуьхьал латтарехь ле бохуш.

Регионан куьйгалхочун дIахьедарш а, лелар а цхьана ца дарах дуьйцучу политолого Галлямов Iаббаза цуьнан ши бахьана го шена бохура: Кадыровн тIом бан лаам цахилар а, иза "Кремлана Нохчийчохь оьшуш хилар" а.

"Стенна оьшу и цунна? Телехьожийлехь тIамна пропаганда йеш болчу "патриотех" цхьа а хIунда ца воьду? Путинна-м лаьара Кадыровс оцу тIамехь шен толам баккха, амма, схьагарехь, вукхуьнан ницкъ ца кхочу и дан. Нохчийчоь мукъана а латтайахьара ахь аьлла, оцу тIехь сецна и шиъ",- боху Галлямовс.

Цхьана денна тIамтIе вахар

Ша-ма варра иза гучу а воккхуш, рогIера Кадыровн бехкбиллар, цуьнан берашца доьзна ду. Масийттазза хьаькамо бехкбаьккхира Ичкерин хиллачу президентан Масхадов Асланан кIантера, "махкал арахьа хьайн са а къоьруш лелаш вара хьо", хьайн дена улло а хIоьттина, Оьрсийчоьнна дуьхьал тIом ца беш бохуш. Изза критика йира Ичкерин арахьарчу Iедалан премьер-министрна Закаев Ахьмадна а – шен бераш цо тIамах лардо аьлла хета Кадыровна.

"Хьан ши кIант ма ву, цхьаъ мукъна а вахийта цига гIазотехь кхалха", - оьгIаз оьхура Кадыров 2021-чу шарахь парламентан спикерца хIоттийначу эфирехь.

Оцу йукъанна шен кхиазхой болчу воIарийн васт бакъ болчу тIемалойн санна гайта хьийзира Кадыров, хетарехь, Украинан шаьш оккупаци йинчу дозанаш тIехь уьш йукъахь болу видеош йаржош. Делахь а, оппозицин нохчийн телеграм-каналаша терго йира, шен кIенташа "тIом беш" видео керла йаьккхинчу окоп чохь кIоргачу тылехь дIайазйина хилар. Ткъа Украинехь цара цхьа дей-буьйсий бен хан ца йаьккхинера. "ТIемаш бечу" Кадыровн берех лаьцна хаамашкахь дийца даьккхинчу шолгIачу дийнахь "Россия 1" телеканало сюжет гайтира, лаьцна кхо йийсархо а валош, Соьлжа-ГIала уьш йуха богIуш.

Жигара социалан машанашкахь шайн аккаунташ лелайо тахана хьаькаман кIенташа, шайн хьолалла гойтуш, Iарбойн Эмираташкахь а, Бангладешехь а Iамораш шаьш дIахьош дуьйцуш.

Интернет-фронтан эскархо

Кадыровга ладоьгIча, шен куьйгакIелара нах цо цкъа а хьовсийна бац "шел а хьалха тIом бан", муьлхха операци дIахьочу хенахь, ша хьалха хуьлу боху. Делахь а, Нохчийчочьнан урхалхо-м хIинца а Нохчийчохь ву, ткъа цуьнан куьйгакIелара нах билггал Украинана дуьхьал болийначу тIамехь бу.

Оппозицин Niyso телеграм-канало кест-кеста зорбане доху хьаькаман цхьатерра долу милитаристийн аларш. Шен цIе къайла а хьош, жигархоша дийцира Кавказ.Реалиин редакцига, шайна хетарехь, хIунда гIур вац Кадыров цкъа а тIаме.

"Баккъал а йолчу операцин цкъа а куьйгалла дина вац иза, цо ша тIом бар-м хьехор дацара, - боху къамелдечо. – Цуьнан метта шен турпалаллех лаьцна дийцарш кхуллу цо – гIарайаьллачу оцу цхьана видео тIехь муха дуьйцура, 1500 муджахIид вадарх лаьцна (Нохчийчоьнан урхалхочо дийцира, ша гучуваьлча дийнна йозуш йоцчу Нохчийчоьнан полк муха йеддера.- Редакцин билгалдаккхар.)

Кадыров гуттар а къахка хьожу кхерам лаьттачу меттигера

КадыровгIеран доьзало тIом бина бац Ичкерин заманахь а цхьана, Оьрсийчоьнна дуьхьал джихIад кхайкхийча а, цуьнан агIор дехьа ваьлча а, чIагIдо Niyso телеграм-каналан векалша.

"Дешнаш совнах долуш хIума ду хIара, факташ тIехула шаьш ма-йарра гуш ма йу -цхьа а вац КадыровгIеран доьзалехь тIамехь кхелхина. Баккъал а тIаме цкъа а гIур вац йа Кадыров а, йа цуьнан гергарчех стаг а, хIунда аьлча, уьш кIиллой бу – вай кест-кеста гойтучу статитистико гучудоккху цуьнан тоьшалла", - дерзийра къамелдечо.

Милитаристийн къамелаш деш вистхуьлу Кадыров чоьхьара пиар йеш а, шен имидж ойбуш а, амма билггал аьлча, иза тIамтIе гIур вац дуккхаъчу бахьанашца, боху историко Квахадзе Александра а.

"Цкъа -делахь, тоъал тIеман зеделларг дац цуьнца, тIемашкахь буьйралла дан а, тIом боьдучу майданехь цхьа сацамаш бан а. ШолгIа-делахь, ша Кадыров, иза Iедале веачхьана муххале а, кхерам болчу меттигехь ца нисвала хьожу. Нохчийчоь герзашца йолчу тобанех дIацIанйечу хенахь а, масала. ХIетахь Кадыров наггахь бен гучу ца волура и операцеш дIахьочу хенахь, гIаттамхой байинчул тIаьхьа бен ца кхочура оцу меттигашка", - дерзийра Квахадзес.

  • Украинера "Север-Ахмат" полкера йийсарехь хилла пхи стаг Нохчийчу валийра дIасахийцинчул тIаьхьа. Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан дуьхьал хилира цаьрца цхьанакхета, "нохчийн тIемалочун цхьа а бахьана хила ца деза караваха" аьлла, дIа а хьедеш. Кавказ.Реалиин сайто тIеман аналитикашца къастийра йийсархой лаьттинчаьрца иша кеп лелар хIун ду.
  • ТIом толлучу америкахойн Институто (Institute for the Study of War, ISW) денна мониторинг дIахьо Оьрсийчоьно Украинан дозанаш тIехь болийначу тIеман. Дукха хан йоццуш динчу зераш тIехь эксперташа билгалдаьккхира, меттигерчу бахархоша дуьхьало йан тардаларца а, президент Путин Влалимир шегахьа озабезамаш бечуьра сацарна а Нохчийчоьнан куьйгалхочун кхерамаш алсамбуьйлуш хилар. ISW-н эксперташца цхьаьна Кавказ.Реалии сайто теллира, Украинана дуьхьал болийначу тIамо муха Iаткъам бина Нохчийчоьнна.
  • Стохка аьхка ISW-н аналитикаша билгалдаьккхира, мобилизаци кхайкхайале хьалха Кремль Украинана дуьхьал болчу тIамехь кIезиг долчу къаьмнех пайдаэца гIоьртира аьлла. ХIетахь Нохчийчохь дIакхайкхийра "Север-Ахмат" а, кхин а цIераш техкина кхо батальон: "Восток-Ахмат", "Запад-Ахмат" а, "Юг-Ахмат" а кхолларх. Оцу дакъошна юкъа бахара полицин а, Росгвардин а белхахой а цхьана.
  • Украинехь тIом болийчхьана уггар хьалха вийна аьлла хезначех ву дагестанхо Гаджимагомедов Нурмохьмад. Дукха ца Iаш Кавказ.Реалиино шегара мониторинг йолийра Оьрсийчоьнан эскарера хиллачу эшамех. ЦIерашца хIоттийначу тептарехь Оьрсийчоьнан къилбера а Къилбаседа Качвказера а 3100 стаг ву – Кубанехь кешнашкахь "Вагнер" ЧВК олучу тобанхойх хилла дIабоьхкина йолахой ца бийцича. ТIамехь беллачех лаьцна муху дуьйцу хьаькамаша, пачхьалкхан организацеша, цензурехь долчу зорбанаша – йеша кхузахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG