ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчоь: нах идор, гIелонаш яр, куьйгалхочух цIу вар. 2021 шеран жамIаш


Кадыров Рамзан
Кадыров Рамзан

Кадыров тIех вазвина вийцар, нах ца хеддаш идор, телегойтийле дуьгий, адамаш сийсаздар, "борша бац" я "стен бац" бохуш, кегийрхошна гIелояр, гергарчу нахе боцу бехк такхийтар, баккхийчу хьаькамаша могIарчу бахархошна чIирш кхайкхор – хьалха дуьйна а долуш долу и дерриг а дистина лийлира 2012 шарахь Нохчийчохь. Оцу хьелан жамI дара Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташа, Орсийчоьно Соьлжа-ГIалин доладеш хилар шеконехь ду, аьлла, дIахьедар даржор. Нохчийчуьа ьш а,кхидолу а жамIаш - Кавказ.Реалиин материалехь.

Доьза байнарш

Оьрсийчоьнан официалан статистико бахарехь – РИА "Новости" агенталлин терахьашца – байна нах карош бацарца Оьрсийчохь хьалхара ю Нохчийчоь. Шарахь республикеь вовш волчу 1700 вахархочух схьакарош вац 20-30 стаг бен. Информацин, зорбан министр Дудае Ахьмад бехказдаха хIоьттира и терахьаш, махкахь лаьттинчу шина тIеман тIаьхьало ю иза, аьлла. Гарехь, хууш вац хьаькам Оьрсийчохь стаг лаха дуьллуш 10 шо бен дацар, цул тIаьхьа информаци чоьхьарчу гIуллакхийн министраллерчу архиве дIайоьдийла, дуьйцурш таханлера терахьаш дуьйла. Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана шен пресс-конференцехь кхин терахьаш далийра – 300 совъоьккхуш стаг вайна шера чохь, царех дукхахберш лехаман тептаршкара дIабаьхна, бохура цо.

Официалехь лаха кхайкхийна нах боцуш, лехамийн тептаршка яза ца деш, дукха адамаш дов махкахь. Кадыровн режимна ца беза, ницкъхоша лоьцу нах бу уьш. Царна герга ца буьту адвокаташ, доьзалшна кхерамаш туьйсу, хIаллакбийр бу, таIзарна бухаийзор бу бакъоларъярхошка, прессе бовлахь, бохуш.

Оцу кепехь "цхьана ханна байнарш" бара дIадахначу шарахь 621 стаг - оппозицин 1ADAT телеграм-канало даладо и терахь. Иштачу нехан могIаршкахь хила тарло милла а. Iедалх вон дош аьлларш, иза емалдечу блогерашна язбелларш я дин Кадыровс а, цуьнан гоно а санна цакхетораш бу царалахь.

Кавказ.Реалиин дац официалера тоьшалла, я харцдан а, я бакъдан а бух бац 1ADAT каналан терахьаш. Бакъду, редакцин карахь бу цхьаццаболчу нахах долу документаш, церан чулацамбогIу жигархоша далочу терахьашца а, Нохчийчуьрчу бохамечу хиламашца а.

Гергарчьарга жоп дехар

Лечкъочу нехан шолгIа категори ю Кадыров оппонентийн гергарнаш. Уьш даима а санна хууш йоцчу меттишака дIабуьгу герзахоша, "кхетош-кхиоран болх" бо цаьрца. 2012 шарахь масех дара оцу кепехь нах лечкъор.

Гезгмашин-баттахь Нохчийчохь лецира Британехь вехачу Ичкерин заманарчу куьйгалхочун Закаев Ахьмадан ши йиша а, ши ваша а. ТIаьхьо вигира цуьнан вешин воI а, кхиболу гергарнаш а. Закаевгахьа Ичкерин кхечу жигархочо – Германехь вехачу Солтыханов Iелам-Пашас - дош аларна цуьнан гергарнаш а лийцира махкахь. Дукха хан ялалае дIахийцира уьш, амма дайтира цаьрга мехкан телегойтийлехула Солтыхановна дуьхьал, иза емалвеш къамелаш.

ГIуран-бттахь жигараделира Кадыровн критикийн гергарнаш лечкъор. Турцехь вехачу блогера Халитов Хьасана дIахьедира, шен нехаца зIе яц шена карош, Iедалхоша шен дена а, вешина а, уьш бойъур бу бохуш, кхерамаш туьйсу, аьлла.

Цунна тIаьххье шен гаргарнаш дIабигарх лаьцна къамел даржийра Швецерчу нохчийн блогера-оппозиционеро Абдурахманов Тумсос а: лецнера цуьн ден а, ненан а агIор болу гергарнаш, иштта дIабигинера зудчун гергарнаш а – 11 стаг. РогIера видео оццу маьIнехь яржийра Германехь вехачу Мализаев Микаила – Нохчийчохь гергарнаш дIабигина, уьш хьизош бу, гIело йо царна, аьлла. Блогера бахарехь, берзина баьхначу гергарчийн суьрташ хьийсийнера цуьнга.

Виц ца вира Нохчийчохь Садулаев Мансур а – нохчийн бакъонашларъяран "Вайфонд" юкъараллин куьйгалхо. Шен кхо гергарниг лачкъийна даймахкахь, бохура цо. Амма уггаре дукха цIийнан нах лецнарг вара "Iазапна дуьхьалояран комитетан" Къилбасеа Кавказера юрист юрист Янгулбаев Абубакар. Цуьнан 40 гергга гергара нах дIабигинера.

Кавказ.Реалигахь информаци ю шен хьостанашкара, цара дийцарехь 2021шеран ГIуран-баттахь Нохчийчохь Кадыровн оппонентийн лечкъийна гергара нах кхин а алсам бу. Масала, бовдийначаралахь бара Туркойчохь нохчийн президентан Дудаев ЖовхIаран цIарах парк схьайоьллуш дакъалаьцначу оппозиционерийн цIера гергарнаш а.

КIира даьлча лецна нх доккхачу декъанна дIахийцира, амма хIинца а бу шайн хIусамашка берзанза бисинарш. Лоьцучу нах декхаребо махкал арахьарчу шайн гергарчу блогерашка-критикашка Кадыровна хьалха къера хила, иза ца дахь, махках бохур бу уьш олу. Цундела дукхаболучара видеодехарш даржадо шайн Европерчу, Малхбалерчу доьзалхошка, дитахьара Кадыров гезвар, бохуш.

Нохчийчоьнан куьйгалхочо ша нах идорна бехкевечарна луш долу жоп цхьаъ ду: эладитанаш дажадо Европерчу блогерша, ша стагга а ца вадийна. "Махкахь чIир цхьаммо а дIаяьккхина яц", бохура Кадыровс. Амма хууш ду Оьрсийчоьнан Бехктакхаман кодексо чIир йоькхуш динчу зуламна ден таIзар стаг верал а лакхара дуйла, 8-20 шо кхайкхадойла.

ЛГБТ – ца догIу иза Нохчийчоьнца

Тидамера даланза дара 202I шарахь ЛГБТ-нах Нохчийчохь лоьхуш а, лоьцуш а хилар. Тамаше дара Кадыровн гоно и тайпа нах махкал арахьа лохуш, махка дIабуьгуш Оьрсийчуьрчу Iедалан ницкъаша гIодеш хилар.

Иштта нисделира Нижний Новгородера лачкъийна, Магомадов Салахь а, цуьнан гергара Исаев ИсмаьIал а дIавигар. Бутт баьлча оцу шимма дIахьедира, шайна полицино гIело йо. Шаьшшиъ хьийзийна, аьлла, ткъа ГIуран-баттахь мацалла кхайкхийра цара, шайн кхел Нохчийчуьра муьлххачу а Оьрсийчоьнан кхечу регионе дехьаяккхаре сатуьйсуш.

Соьлжа-ГIаларчу №2 изоляторехь ву и шиъ, бехкево амиран Бютукаевн тIемалошна гIодина хиларна. Беламениг ду, "Новая газето" яздарехь, динан экстремизманна бехкевучу шиннах цхьаъ гей, важа трансгендер хилар.

Мангал-баттахь кадыровхоша Дагестанера, нах Iалашбеш къайлабохучу цIенна тIелатар а дина, Нохчийчу юхайигира шен цIера едда йолу Тарамова Хьалимат.

Нохийчуьрчу гейх лаьцна "Тийна аз" фильм яьккхина нохчийн режиссер (псевдоним Валерик Река) декхарехилира социалан машанашкара шен аккаунт дIакъовла – кхерамаш тийсира цунна. "Артдокфест" фестивалан кьуйгалхошна кадыровхоша тIедожийра фильм гойтучуьра сацо, Нохчийчоьно Пачхьалкхан Думе хаьржинчу депутатн гIоьнча а вара кхерамаш туьйсучийн могIарахь.

Европан Кхеташоно 2021 шарахь Оьрсийчоьнна дуьхьал санкцеш кхайкхийра Нохчийчохь ЛГБТ-нах хьйизош а, Iедалан критикаш хьийзош а хиларна. Европан Кхеташонан официалан журнало хаам барца, санкцешна бухаваьхьира Устрда-ГIалахь полицин буьйранча лаьттина Катаев Аюб а, мехкан вице-премьер, "Терек" эскаран тобан куьйгалхо Висмурадов Абузайд ("Патриот").

Оппоненташна бен тIеIаткъамаш

Зазадоккху-баттахь Германехь кIелонна кIелхьарваьккхира нохчийн жигархо Абдурахманов Мохьаммад. Цо ша дийцарехь, иза вен декхаревинарг вара Кадыровн шича Эдельгериев Пахьрудди.

"Новкъарлонаш" латтийна Кадыровна журналисташа а. "Новая газетанна" Нохчийчохь кхел а йоцуш нах бойъуш хиларх лаьцна тоьшаллаш делла полисхо лаьттина Гезмахмаев Сулиман кхерамаш тиса болийра. Республикерчу ницкъхоша шаьш журналистех Iалашдар дийхира Кремле, ца дахь, "гIуллакх" шаьш шайггара кхочушдийр ду, аьлла.

Охан-батахь Оьрсийчоьнан полицино дуьхьало ца еш, лацийтира кадыровхошка Новый Уренгой гIалахь Францино депорт йинамухIажар Гадаев Мохьмад.

Гезгмашин-баттахь Кадыровс ша элира, ша "сийначу цIергахь вагор ву" Ичкерин министр лаьттина Закаев Ахьмад. Цу тIе, Нохчийчоьнан куьйгалхочо Закаевн воIе а кхайкхира, ша борша велахь, Нохчийчу а волий, эккха, аьлла. Изза кхайкхам бира президента Масхадов Асланан кIанте Анзоре а.

Лахьан-баттахь Кадыровс кхерам тесира гIалгIайн жигархошна, ша дIайоккхур ю церан махкера Ичкерин заманахь цаьрга дIаелла 8 нохчийн юьрт, нагахь санна уьш шина махканна юкъа Iедало 20I8 шарахь хIоттийначу дозанна резабацахь, аьлла.

ГIуран-баттахь мехкан куьйгалхочо дуй биира, шен критикийн зама йоца ю, аьлла: "АллахIах дуй буу ас, хьашт доцург мел дийцинарна, хIара дуьне эккхахь а, тхо тIекхаччалц бен хан ма яц, аьлла".

Телегойтийлехула "къурд бахийтарш"

202I шарахь Нохчийчохь дIадахделира нахе телевизорехула хьаькамаш кIинтIерабахийтар. Республикан вице-премьера Умаров Жамболата ерриг а Оьрсийчоьнехула дIасадаржор хьийхира нахе официалехь шаьш емалвина куьйгалхо бехказвахийтар.

Стигалкъекъа-баттахь флешмоб яржо йолийра, #КадыровШайтан хештег а йолуш. Нохчийчоьнан Iедало шена лийна Подмосковьера жима стаг кара а вина, цуьнга а, цуьнан дега а «къурд бахийтар» дара машанашкахь Iаьткъинарг. Гучуделира, Нохчийчоьнал арахьа иштанаш схьалохурш Нохчийчуьрчу Iедалан векалш хилар.

Хьаькамаш кIинтIерабаха дийзира бегаш бинчийн а тIехь – масала, Соьлжа-ГIалахь хIоттийна базалг раз ю аларна бехказвийлийтира Оьрсийчуьра цхьа жима стаг.

Официалехь куьйгалхой къинтIерабахар кхаьчна Оьрсийчу а. К%инорежиссер Сокуров Александр халкъе кеат яздан декхаре хилира ша президентца Путин Владимирца къовсам эккхийтарца доьзна. ДIахьедира режиссера, шена Нохчийчуьра кхерамаш туьйсу, шен дахар кхерамзаллехь дац, аьлла.

Кест-кеста буьгу халкъ къинтIера даккха "Грозный" телекаханале "хIума хуу нах", уьш-м хIора баттахь а лоьцу.

Оцу хьокъехь Кадыровн гIоьнчас, инормацин министра Дудаев Ахьмада тоьшалла до, Iедалхоша стагга а вац «къурд ала» тIедожош, иза низамо доьхкуш хIума ду, бохуш.

Куьйгалхочух цIу вар а, харжам боцу харжамаш а

ТIаьххьарчу шерашкахь сийлаллин Iаьршашка кхачийна гоно КадыровгIеран доьзал, Дала вазвина ваитйина, дуьйцу, 2004 шарахь вийна волу Кадыров Ахьмад. ГIуран-беттан 26-чохь Кадыров Рамзана шен пресс-конференцехь иштта дIаэлира, шен дан хIума хуург вара, цунна хьехам бийраш адамаш а дацара аьлла: "Иза XXI шеран Iаламат дара. Цунна Лаьтта тIера адамаш дацара хьехамаш беш, иштта аьр вай. Цо хир ду баьхнарг, иза дрриг а цо ша дуьйцура тхоьга".

2021 шарахь Кадыров Ахьмадн цIе тиллина Соьлжа-ГIаларчу аэропортанна, иза вуно дукха зама хьалха дуьйна, Советан Iедалера схьа, Ушарма Шайхан цIарах хиллехь а. Кадыровн ден цIе лелайо Нохчийн Университето а, хьалха Толстой Леван цIе яра цо лелош.

Кадыров Ахьмадах мехкан лаккхара васт деш, Нохчийчуьрчу школашкахь хьеха йолийна "Серлоно къадийна некъ" книжка – язйинарг ву Хоси-Юьртара схьаваьлла волу полицин белхахо.

Цул хьалхо харжамаш дIабаьхьира Нохчийчохь. Официалан терахьша бахарехь, Кадыров Рамзанна белира наха цкъа а ца хиллачул дукха кхаьжнаш - 99,7%. Иштта дIаяхйина цо шена Iедалан коьртехь Iан кхочу зама – 2026 шаре кхаччалц.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG