ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчоь йозуш йоцуш хир ю аьлла Украинан кхерамзаллин Кхеташонан секретаро


Данилов Алексей
Данилов Алексей

Гергарчу хенахь йозуш йоцу Нохчийчоь хир ю аьлла, сатесна ву Украинан къоман кхерамзаллин а, тIеман а Кхеташонан (СНБО) секретарь Данилов Алексей. "Настоящее время" телеканална еллачу интервьюхь аьлла цо цунах лаьцна.

"Бусулбачийн дуьнено Оьрсийчоьнан Федерацина тIеIаткъамбарца доьзна ду хьал. Кеп-кепара процессаш хила тарло цигахь. Со тешна ву, гергарчу заманчохь маьрша Ичкери вайна гур ю аьлла", - дIахьедина цо, билгалдоккхуш, Оьрсийчоьно даим а санна арахьара агрессин политика лелош хилар, иштта луларчу пачхьалкхашкахь а: Молдовехь а, Гуьржийчохь а, Украинехь а.

Хьалхо Даниловс дIакхайкхийра, 2015-чу шарера 2020-чу шаре кхаччалц Донбассехь оьрсийн сепаратисташна дуьхьал тIемаш бинчу нохчийн шейхан Мансуран цIарах йолчу батальонан тIемалой Украинан СНБО-н санкцийн тептаре язбарх.

Донбассехь тIеман операцешкахь дакъалаьцна иштта Дудаев Джохаран цIарх хиллачу нохчийн батальонан эскархоша а. Цуьнан командир, Ичкерин армин инарла Мунаев Iийса вийра 2016-чу шарахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG