ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчоьнан 100 шо кхачарна лерина шен 12 гергарчунна мидалш елла Кадыровс


Кадыров Рамзан
Кадыров Рамзан

"Нохчийн Республика кхоьллина 100 шо кхачарна лерина" медалш луш омрана кIел куьйг яздина Кадыров Рамзана. Республикан администрацехь, йа Соьлжа-ГIалин мэрехь болх беш болу мел кIезга а цуьнан 12 гергарчунна делла совгIаташ. Гезгмашин-беттан 20-хь оцу тайпа кехат регионан куьйгалхочун сайтехь арахийцира.

СовгIат кхаьчначийн декъехь бу:

  • Кадырова Аймани – регионера Кадыров Ахьмадан цIарахчу юкъараллин фондан президент, Кадыров Рамзанан нана.
  • Делимханов Адам – пачхьалкхан думан "Единая Россия" фракцин депутат, Кадыров Рамзанан гергарстаг.
  • Закриев Якуб (Ибрагим) – Нохчийчоьнан вице-премьер – юртбахаман министр, Кадыров Рамзанан йишин кIант.
  • Кадырова Iайшат – Нохчийчоьнан культуран министр, Кадыров Рамзанан 24 долу йоI.
  • Черхигов Идрис – Нохчийчухула йолчу УГИБДД МВД-н куьйгалхо, Кадыров Рамзанан йишин кIант.
  • Кадыров Хас-Мохьмад – Соьлжа-ГIалин мэр, Кадыров Рамзанан гергарстаг.
  • Кадырова Хеди – Нохчийчоьнан куьйгалхочун секретариатан хьалханчан гIовс, Кадыров Рамзанан 20 шо долу йоI.
  • Кадырова Карина – школе бахале долчу дешаран Соьлжа-ГIалин мэрин департаментан куьйгалхо, Кадыров Рамзанан 22 шо долу йоI.
  • Тумхаджиев Абубакар – Нохчийчоьнан вице-премьер – машенан некъийн министр, Кадыров Рамзанан гергарстаг.
  • Тумхаджиев Iийса – Нохчийчоьнан хьалхара вице-премьер, Кадыров Рамзанан нуц.
  • Кадыров Хьамзат – АО "Чеченцемент-н" коьрта директор, Кадыров Рамзанан вешин кIант.
  • Кадыров Хьамид – Нохчийчоьнан куьйгалхочун Iуналлехь йолчу консультативан кхеташонан декъашхо, Кадыров Рамзанан ден ваша.

Омрехь билгалбаьхначу Нохчийчоьнан куьйгалхочун гергарчех цхьа дакъа бен дац хIара, иштта Кадыровца гергарло хилар хьалхо зорбанаша хаийтиначех а. Омрехь билгалваккхинарг 50 стаг ву верриг.

Республикан 100 шо кхачар Нохчийчохь даздина Iийр дац кху шарахь, ерриг пачхьалкхехь кечбийр бу барамаш, царна лерина бюджетера миллионаш ахча хьажор ду. Масала, Пензехь зал аренде эцарна 1,2 миллион сом дойъур ду, Волгоградехь – 1,8 млн сом, Липецкехь аренде эцарх кхин а ах миллион лур ду.

Цул сов, Нохчийчоьнан 100 шо кхачарна лерина барамаш Краснодаран махкахь, Ростовехь, Астраханехь, Калмыкехь, Кхарачойн-Чергазийчохь, Къилбаседа ХIирийчохь, Дагестанехь, кхечу регионашкахь хIиттор бу.

  • Нохчийчоьнан куьйгалхочун 16 шо долу воI Кадыров Ахьмад цхьаьнакхетта Оьрсийчоьнан дешаран министрца Кравцов Сергейца "кегийрхой кхиоран керла некъаш" дийцаредан. Цо куьйгалла а деш, регионехь мел йолу берийн а, кегийрхойн а организацеш вовшахтухур ю аьлла.
  • 2020-чу шарахь Кадыровс тIелецира, республикехь куьйгалле нах хIитточу хенахь шен деца Ахмад-Хьаьжица гергарло церан хилар ша чоьте оьцу аьлла. Шен вешин кIант Кадыров Хьамзат а, йишиниг Закриев ИбрахIим а даржашка хIитторах комментари луш дина цо ишта дIахьедар урхаллица хиллачу кхеташонехь.
  • Нохчийчохь 158 лаккхарчу хьаькамех 30% регионан куьйгалхочун гергарнах бу, 23% - цуьнан юьртахой а, ЦIоьнтрара бахархой а, кхин 12% - Кадыровн доттагIий а, церан гергарнах а, билгалдаьккхина BBC-н оьрсийн сервисо.
  • Кавказ.Реалиин зерашца, пачхьалкхан даржаш тайп-тайпанчу хенашкахь дIалаьцнера Кадыров Рамзанан 100 гергарчу наха.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG