ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчоьнан а, Боснин а гIаланаш гергарло тосуш ю. Стенна оьшу иза Кадыровна?


Кадыров Рамзан
Кадыров Рамзан

Боснера, Герцеговинера а, Нохчийчуьра а кхоккха гIала къастийна юкъа гергарлонаш дахка. Оцу хьокъехь дIахьедина Брюсселехь куп тоьхначу Европан бусалбанийн форумо (ЕМФ). Цхьаьнакхетараллин, цо ша бахарехь, Iалашо ю ерриг а Европерчу бусалбанашна юкъа вежаралла дилла, бухарчу халкъашца интеграци чIагIъян, дин Iамо, гIодан, боху Свобода Радион Балкананан сервисо.

Гергарлонаш тасадала тарло Сараево, Завидовичи, Горажде гIаланашца Соьлжа-ГIалин, Шелан, Гуьмсан. Хьалхо Форумо дIахьедира, ша гIодийр ду Завидовичи гIала меттахIотто инвесторш лохуш, аьлла. Цунна дуьхьал Босни декхарейора оцу гIаларчу цхьана урамна Нохчийчоьнан куьйгаллехь лаьттинчу Кадыров Ахьмадан цIе тилла.

Завидовичин миниципалитето дIахьедира хIетахь, шайн гIалара "тIай тодар а, Кадыров Рамзанан, Нохчийчоьнан таханлерчу куьйгалхочун, цIе лелош йолу некъан дIасакъаьстийла йиллар а ду дийцаредеш", аьлла.

ШолгIачу визитехь, ГIадужу-баттахь, Европан бусалбанийн форуман векалш цхьаьнакхийтира Сараево гIалин мэрца Карич Бейджаминица. Къамелехь дакъалоцуш вара Форуман президент Ниязов Iабдул-ВахIед – Москварчу Исламан культуран центран президент лаьтина а, Оьрсийчоьнан парламентехь 1999-2003 шерашкахь Путин Владимиран партин векал хилла а ву иза.

Сараевон мэр: хилла дац дийцарш официалехь

Свобода Радион Балканан сервисе Сараевон мэра хаийтира, гIаланашна юкъа вежаралла диллар цхьана кепехь хьахийна дац официалехь, аьлла. Ткъа и къамел ца догIу Форумо дуьйцучуьнца.

"Со мэр ю, ас сайггара ца бо вежараллех болу сацам. Официалехь и тайпа дийцарш ца хилла. Тхоьга цхьаммо а ца кховдийна и тайпа гергарло", – элира Карича.

Делахь а Европан бусалбанийн форуман Фейсбукерчу агIоно хоуьйту хьехораш "массо а къаьмнел дукха тIаьххьарчу исторехь баланаш лайна долу, вежараллехь деха Боснин а, Нохчийчоьнан а халкъаш" хилар.

"Иштта чIагIло юкъаметтигаш гIаланийн тIегIанехь! Майра Сараево, Горажде, Завидовичи доттагIалла таса гIерта Соьлжа-ГIалица, Шелаца, Гуьмсеца. Кху деношкахь боснийхойн гIаланийн мэрашца тхан хиллачу цхьаьнакхтарехь цара тхоьгахула официалехь Нохчийчоьнан лидершка дIахьебина и шайн лаам", – аьлла ю текст.

Завидовичи гIалин мэра Муянович ХIашима баккъал а дахьийтина Кадыров Рамзане официалехь дехар. Цу тIехь цо боху шайна гергарло деза Гуьмсе гIалица. Кехато бахарехь, мэрн лаьа шина гIалина юкъахь культуран, экономикан, Iилманийн юкъарло латтийта.

"Ниязов Iабдул-ВахIед хьалха а волуш еъначу [Европерчу бусалбанийн] форуман делегацино довзийтира тхуна Гуьмсе гIалин ламасташ, синбахам, экономикера хьал, со а ву тхешан зеделларг шуна довзийта кийча", – боху Муяновича шен кехата тIехь.

Амма жоп ца делира Муяновича оцу кехатан хькъехь шега Радио Свободин Балканан сервисо хьийсийначу хеттаршна.

Горажде гIалин мэр реза ца хилла Кадыровга кехат яздан

Муяновича яздинарг санна долу дIахьедар Кадровга дн реза ца хилла Горажде гIалин мэр Имамович Эрнест.

"Ас кехат Европан бусалбанийн форуме яздира. Со меттигерчу юкъараллин векал бен вац, сан бакъо яц цхьана а президенте кехат яздан. Иза магош дац дуьненюкъарчу юрисдикцино", – элира Имамовича Свобода Радиона комментари луш.

Цо билгалдаьккхира, шена мехала ду муьлхха а юкъарло, муьлхха а гIо, амма низамо магош хила деза иза, аьлла.

"Ас пачхьалкхан куьйгаллина хаийтина Европан бусалбанийн делегаци тхаьш долчу кхаьчнийла. Цхьайолу гIулчаш оха яьхна, церна хьокъехь ду къамел а", – элира Имамовича, муьлхха а инвестици, ахчанца долу гIо бюджетехула чекхдала дезаш хилар билгал а доккхуш.

Гораждерчу мэро бахарехь, цунна уггаре хьалха оьшург ду шайн пачхьалкхерчу, Боснерчу а, Герцоговинерчу а, луларчу Сербин а гIаланашца гергарло чIагIдар.

"Массо а хIуманал коьрта ду тхуна Лакхара Дрин регионерчу гIаланийн уьйраш чIаIъяр", – билгалдаьккхира Имамовича.

Европан бусалбанийн форуман Боснерчу а, Герцоговинерчу а векало Сехич Сеада дийцарехь, цхьанакхетараллин делегаци шозлагIа махка яр дара дозу кеп-кепарчу пачхьалкхашкарчу бусалбанийн юкъаметтигаш IагIъян болчу лаамца.

"Европан а, цул арахьарчу мехкийн а неIарш йоьллуш ду тхо", – боху Сехича.

Ткъа боснихошний, нохчашний юкъахь гергарло тасадаларца дерг? "Цуьнца дерг а хир ду дика", - тешийра цо.

Визит йирзича Европан бусалбанийн форуман президента Фейсбукехь дитина йоза иштта ду: форуман "йоццачу хенахь аьтто баьлла юкъаметтигаш карон Боснин а, Герцеговинин а динан хьалханчашца хьовха, политикан элитица а".

Дукха хан йоццуш кхоьллинчу бусалба партица цхьаьнакхетар

Ниязовс яздарехь, Европан бусалбанийн форуман къамелаш хилла Сараевохь "Дин, халкъ, пачхьалкх" боламан векалшца. Дукха хан йоццуш кхоьллина политикан парти ю иза, коьрта лору цо шена исламан некъ а, низамаш а.

Оцу партин векалша Европан бусалбанийн форумца зIе тасаяларх лаьцна аьлла: "иза дика гIулч ю". Форумо бечу хаамца, Сараевон мэрца хиллачу цхьанакхетаралло билгалъяккха аьтто белла тIедогIучу шарахь хинйолчу "ерриг Европан конференцин тема - бусалба мехаллаш доьзалшкахь Iалашъярна" тIехьажийна хир ю иза.

Серберчу бусалбанашца тасаделла юкъарло

Европан буслбанийн форум Малхбаленан Балкане шозлагIа кхаьчча кхайкхира шен хIусаме Сербин парламенто - Халкъан Гуламо. Цигахь хьеший тIеийцира цуьнан вице-президента Зукорлич Муамера.

"Сербе Форуман делегаци я вуно деза ду, Сербица а, цигарчу бусалбанашца а гергарло деза хьешашна. Юкъарло дезачарна йиллина ю Сербин неIарш – Европерчу бусалбаншан а иштта. Форумо хьехайо дукха а юкъара проекташ – дешаран декъахь а, синмехаллаш яржорехь а", – элира цхьанакхетар дирзича Зукорлича.

Хьалхо баьржинчу хаамо бахарехь, Форумо Серберчу Исламан юкъараллица зIенаш а латтош, Нови-Пазар гIалахь схьайоьллур ю Кадыров Ахьмадан цIе туьллунйолу хьуьжар. И дешаран хьукмат схьаеллар дехна Серберчу бусалбанаша, аьлла яра Соьлжа-ГIаларчу пачхьалкхан телеканало яржийна информаци.

Ткъа Серберчу динан урхаллашкарчу куьйгалхоша Свобода Радион Балканийн сервисе аьлла, хьужар йилла лаам къадийнарг Форум ша яра.

КадыровгIар базбар – Кремлана гIирс?

"Кадыровейшн: консервативан ислам - Кремлан карара гIирс" артиклехь цуьнан автора Ларуэль Марлена, профессора, Европан, Оьрсийчоьнан, Евразин талламийн Вашингтон Джорджан Институтан директора толлу адамийн бакъонаш хьешарца Малхбалено кест-кеста вуьйцуш хуьлучу Кадыров Рамзанан хьаькамаллах лаьцна.

Ларуэла йовзуьйту Кадыровн куьйга кIел боккха ницкъ берзарца кхоллаелла феномен: КадыровгIар базбеш, культ гIаттор а, Нохчийчоьнан президентца Путин Владимирца Кадыров Рамзанан йолу уьйр а.

"Кремло гIитточу, Iалашъечу пропагандех дIахадо йиш йоцу дакъа ду КадыровгIар базбар, оцу пропагандех гIирс а беш, дозанал арахьара бусалбанаш шена тIеберзо гIерта Оьрсийчоь. Бакъал а хила тарлуш бу иза Моквана ша экспорте хьажош болу гIирс", – яздо автора.

Блаканашкахь, Боснерчу а, Герцоговинерчу а хьужаршна, урамашна, некъашна Нохчийчоьнан куьйгалхочун а, цуьнан ден а цIерш тахка аьтто беш хьийза Европерчу бусалбанийн форум – КадыровгIеран мах базбан гIерта иза.

Балканерчу бусалбанаша а, нохчаша лайначу баланашна юкъа тIай тиллар, цхьабосса тIемаш лайна къаьмнаш, уьш вовшашн оьшуш хилар даима а билгалдоккху Форумо шен социалан машанашкахь. КадырогIеран бозалла билгалйохуш дара дукха хан йоцуш Боснин а, Герцоговинин а бусалба лидер лаьттинчу Черич Мустафас дина къамел а.

Кадыров Рамзанна доьзлагIа мехкан куьйгалхочун таж туьллучу веъначу Черича билгадаьккхира, " Боснин а ду, Нохчийчоьнан санна, дог а, са а". "Босни йола еза шен кхолламах, Европехь ша яха езаш хиларх. Нагахь санна шена иза муха дан догIу хаа лаахь, схьайола Европа кху Соьлжа-ГIала, хьажа, Кадыров Рамзанца зIе а латтош, Путин Владимира иза муха до", – дIахьедира Черича.

Амма цIерачу бусалбанашна цатайра и къамел, шаьш къобал ца до и дIахьедар, бохура Боснерчу а, Герцоговинерчу а бахархоша. Карарчу хенахь оцу махкахь муфтий волу Кавазович Хьусайн реза ца хилира яхначу аьхка Европан бусалбанийн форумера баьхкинчу хьешашца къамеле хаа.

***

Бакъонашларъярхоша чIагIдарца, 2007-чу шарахь дуьйна Нохчийчоь шен карахь кхобучу Кадыровс репрессеш латтайо макхкахь, муьлхха а низам талхо бакъо юьту ницкъхойн карахь. Шен политикан оппоненташна гIело ярна, уьш кхерош хьийзарна, идорна, хьизорна, кхел янза нах хIаллакбар дуьллу цуьннан жоьпалле.

Кадыров Ахьмад, Нохчийчоьнан таханлерчу куьйгалхочун да, махкарчу хьалхару тIамехь, муфтий а волуш, лаьттира Оьрсийчоьнна дуьхьал.

Нохчийчохь шолгIа тIом боьдуш Оьрсийчоьнан Iедалехьа велира Кадыров Ахьмад, 2003-чу шаахь хIоьттира мехкан президент. 2004-чу шеран Стигалкъекъа-беттан 9-чохь "Динамо" стадионехь динчу эккхийтарца вийра иза. Президента Путин Владимира шен омрица веллачул тIаьхьа цунах вира Оьрсийчоьнан Турпалхо.

Кавказ.Реалиица къамелаш динчу эксперташа билгалдоккху, хIинца Оьрсийчоьно Балканерчу бусалбанашца лелориг моттаргIане гергарло хилар, Югослави пачхьалкх юхучу хенахь, боснихошна ечу гIелонна Кремло цхьана а кепара дуьхьало йина цахилар.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG