ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчоьнан Денна леринчу концертана 5 миллион сом дойъур ду республикан бюджетера


Chechen leader Ramzan Kadyrov (front) performs the Lezginka national dance
Chechen leader Ramzan Kadyrov (front) performs the Lezginka national dance

Нохчийчоьнан Денна а, терроризмаца къийсам латторехь солидараллин Денна а лерина Гезгамашин-беттан 3-чу а, 6-чу а деношкахь хIиттош болчу барамех бюджетера 5 миллион сом дера ду. Ковидна дуьхьал даьхначу дозанашца нах гулбеш даздарш дIадахьа дихкинашшехь, оцу бараме кхайкха лерина ву 700 хьажархо.

Дезачу деношна барамаш дIабахьа тендер Iедалан цIарах оьшург эца мах кхайкхочу сайта тIехь гучуяьккхина карарчу беттан 12-чохь. Йолчу Iалашонца а догIуш, барам болалур бу "Нохчийчоьнан дог" цIе йолчу доккхачу маьждигна хьалха мемориалан комплексехь зезагаш а дохкуш, цул тIаьхьа шина сахьтана концерт ю хир йолуш.

Даздар дIахьочун лаккхара доьшийла чекхъяккхарх диплом хила деза, "Нохчийчоьнан хьакъ волу артист" цIарал а лахара цIе лелош а хила ца веза.

"Литературин маттахь къамел дан хууш а, нохчийн къоман гIиллаккхехь лелар долуш а, баьццарчу я беж басахь къоман духар доьхна а хила веза иза. Дош ала хууш а, импровизаци ян а хаа деза. Концерте гулбеллачийн синхIоттам айбеш, концертехь хийцамаш хилахь а, цаьрца ларор волуш хила веза", - аьлла ду ший а барам дIахьошверг.

Нохчийчоьнан Де даздан богIу хьеший аэропорте дуьхьал а бахна, тIеэца безаш бу, эшахь "беа седанал" лахара йоцчу отелехь дIанисбан а декхаре хир бу.

  • Соьлжа-ГIалахь Кадыров Ахьмадан 70 шо кхачарна а, иштта Оьрсийчоьнан пачхьалкхан байракхан денна а лерина даздаран барамаш дIабахьа ворхI миллион соьмана тендер кхайкхийна Нохчийчоьнан Iедалхоша.
  • Марсхьокху-беттан 22-23-чу а деношкахь, махкара эпидемин хьал ийгIина догIушшехь, Соьлжа-ГIалахь эзарнашкахь бахархой вовшахтоьхна, даздарш дIадахьа лерина бу. Аукционан техникан документаци тIехь билгалдаккхарца, Нохчийчоьнан шахьарна юккъехь карабогIучу беттан 22-чохь Кадыровн проспект тIера Путинан цIарахчу ураме кхаччалц байракх язъеш гулбелларш буьйлалур бу.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG