ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчоьнан Iедалхоша дIахьедина мохк дотацех боьзна хилар лахделла аьлла


Кадыров Рамзан, Делимханов Адам, Даудов Мохьмад
Кадыров Рамзан, Делимханов Адам, Даудов Мохьмад

Нохчийчоьнан бюджет хIинца а дефицитехь йу, амма тIаьххьарчу шерашкахь аьтто хилла федералан дотацийн дакъа жимдан а, инвестицеш совйаха а аьлла премьер-министро Хучиев Муслима. 2023-чу шарахь регионан дотацеш билггал лахлур йолуш йу, амма кхечу регионашна кхачор йолчел а, тоьшалла до финансийн минитсралло.

2014-чу шарахь дуьйна Нохчийчоьнан бюджете хьежон федералан дотацеш лахйан аьтто хилла 64 процентана 40% тIекхаччалц, дIахьедина Хучиевс халкъашна йукъарчу "Оьрсийчоь" форум-гайтаман гурашкахь. Цо иштта хаийтина хIора шарахь республике инвестицеш йар алсамдолуш ду аьлла: 2022-чу шарахь 120 миллиард соьмана тIера, 2013-чу шарахь 135 миллиарде. Бюджетан къоьлла лаьтташ хиларх кхетийна премьеро, "тIемаш бахьана долуш экономикан бух бохийна" хиларца.

Оцу йукъанна, финансийн министраллин тIаьххьарчу хаамашца, Нохчийчоьнна а, Дагестанна а, ГIалгIайчоьнна а 2023-чу шарахь кхочур ду федералан дотацийн хIора пхоьалгIа сом. 2023-чу шарахь боллу дотацийн 822 миллиард сом барамах Нохчийчоьнна кхачийра 43 миллиард. 2024-чу шарахь Нохчийчоьнна дотацеш лахйан дагахь бу 34,7 миллиард соьме, делахь а, 600 миллиард соьман бараме кхаччалц йоллу дотацеш жимйеш хилча, Нохчийчоьнан дакъа кхуьур ду ах процентана.

2022-чу шарахь Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана дийцира республикан хьашташна федералан центро шарахь 300 миллиард сом ло аьлла. "Суна а моьттура, вайна къаьстина Ичкери оьшура аьлла. Амма, ас дуй буу, вай кхаа батте а девр ма дац. Ойла яйша, Оьрсийчоьнан махкана, Нохчийчоьнан республикан халкъан хьашташна цхьана шарахь 300 миллиард дойу, - дIахьедира Кадыровс, Нохчийчоьнан дозана тIехь "газ а, мехкадаьтта а, серло а яц" аьлла, тIе а тухуш.

  • Оьрсийчоьнан къилбехь инвестицеш кхуьуш хилар – къаьсттина Нохчийчохь а, Ростовн кIоштахь а – эксперташа кхетийра, Украинехь тIом боьдучу йукъанна "ца бевллачу денна инфраструктурина ахчанаш дахка дезарца".
  • Оьрсийчоьнан финансийн министралло хьехна регионалан бюджеташна хуьлучу пайданна а, йечу харжана а йукъара цхьаьнацадар лахдаларх жоьпалла дотацин регионийн куьйгалхошна тIедилла аьлла. Украинан дIалецна дозанаш доцург а оцу тептарехь нисйелла ГIалгIайоь, Нохчийчоь, Дагестан. Хьаькамийн аппарат шорйар дитина, церан алапаш хьала а дохуш, царна хуьлу пайда цхьатерра дIанисбан дагахь бу.
  • Зазадоккху-беттан 13-чохь президенто Путин Владимира Кремлехь тIеийцира Кадыров Рамзан. Кадыровс бахарехь, регион хьалхайаьлла йогIу "Кхерамза, дика некъаш", "Дешар", "ХIусама, гIалин хьал" къоман проекташ кхочушйарехь, иштта "Экологи" рейтингехь а. Цул совнах, 2022-чу шарахь Нохчийчохь инвестицийн тIегIа а лакхайаьлла бохура. Официалан Оьрсийчоьнан статистикаца а догIуш, стохка Нохчийчоь хьалха йара белхазаллин терахьца а, некъаш тIехь ДТП-хь кхалхаршца а, банкроташ хиларехь а, мехах хIусамаш лаца нехан таро цахиларехь а, хьехархойн алапаш лахара хилар тIехь а, нехан банкашкахь ахчанаш кIезга хиларехь а. Иштта кхин дIа а - алапаш нийсонца хIиттийна цахиларехь, нехан таронаш ледара хиларехь, пенсийн барамаш кегий хиларехь. Ткъа цунах лаьцна Кадыров Рамзана президенте ца дийцира.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG