ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчоьнан Iедалхой диъ миллионна зезагийн курсаш а, вип-совгIаташ а оьцуш бу


Соьлжа-ГIала

Пачхьалкхан цIарах оьшург оьцучу Нохчийчоьнан урхаллин Комитето тендер хIоттийна зезагийн курсаш а, совгIаташ дан гIирс а латтон. Оцу гIуллакхна мехкан бюджетера 4 миллион сом дайа кийча бу.

Тендеран техникан тIедилларца а догIуш, нохчийн Iедалхошна оьшуш ду эзара стаг декъалвен дизайнерийн открыткаш, перламутран а, металлан а тIехуле а йолуш, нохчийн, оьрсийн меттанашкахь йоза а деш - хIораннан а мах бу 800 сом, 188 цIеначу цIокех дина, символика тIехь йолу папкаш – царех хIораннах а кийча бу 4 эзар сом дала.

Иштта Нохчийчоьнан Iедалхой лууш бу 2 миллион сом дохка 507 розех, лилийх, хризантемех кечдина зезагийн курс эца. Къаьст-къаьстина оьцуш церан мах бу 4 эзар сом.

Шина а тендеран жамI хуур ду Охан-беттан 14-чохь.

"Адамийн бакъонаш йовзийта" Iалашонца Нохчийчоьнан Iедалхоша 1,9 миллион соьмана ши тендер хIоттийра. Уьш кхочушъечийн дезар ду "Нохчийчуьрчу бахархойн культуран бакъонаш латтор" цIарца горга стол, "Кху заманан кхайкхар. Информацин тIемаш а, информацин агрессина дуьхьало латтор а" семинар, къоначу журналисташна лерина "Бакъоларяран журналистика" мастер-класс а, школашкахь масех урок а дIаяхьа.

Кадыров Ахьмадан цIарах йолу спорткомплекс ("Ахмат Арена") Iалашъярехь хьелаш хIиттадайта тендер хIоттийра 14 миллион сом мах хадийна. БIаьрла ду, тендер зорбане яьккхина хилар Зазадокху-беттан 30-чохь, ткъа таронашца догIуш, стадион Iалашъяр доло дезаш дара кхо бутт хьалха дуьйна.

Коьрта теманаш

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG