ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчоьнан Iедало леха а лоьхуш, схьадохур ду Соьлжа-ГIалара "долахь доцу" латтанаш


Кадыров Рамзан
Кадыров Рамзан

Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана шен куьйгкIеларчаьрга Соьлжа-ГIалара "долахь доцу" латтанаш леха а лоьхуш, церан дайшна таIзар даре кхайкхина. ГIалан Висаитовскан кIоште ша веъча дина республикан куьйгалхочо и дIахьедар.

Иштта латтанаш лехар шен гергарчу стагана, Соьлжа-ГIалин мэрана Кадыров Хас-Млохьмадна тIедиллина цо.

"Иштта низамехь доцу хIуманаш тидам боцуш дита йиш яц вайн", - яздина Кадыров Рамзана шен "ВКонтактерчу" агIонехь.

"Долахь ца хилар" муха къастор ду, схьадаьккхина латта хьаьнга кхочур ду, регионан куьйгалхочо ца хьахийна.

  • Ишттачу дIахьедарца Нохчийчоьнан куьйгалхо 2020-чу шарахь вист хилира. Долахоша тидам ца беш дитина Соьлжа-ГIалара латтанаш схьадаха аьлла тIедожийнера цо. ГIалин мэран декхарш кхочушдеш хиллачу Халжимурадов Iийсаца хиллачу цхьанакхетарехь цо дIахьедира, долахой харжамна дуьхьал хIоттон беза: йа шайн латтан дакъа битаме далон, йа и даьхний кхечунна каралуш, йа схьадоккхуш кехаташ кечдийра ду.
  • Кавказ.Реалиино къамелдинчу юристаша иза лелор "низам ца хиларан кхин а цхьа масала ду" элира.
  • Кху шеран Iай Нохчийчохь беха гергарнаш лечкъорах лаьцна дуьйцуш бакъоларъярхочо Янгулбаев Абубакара билгалдаьккхира, цаьргара иштта хIусамийн кехаташ а схьадаьхна хилар: "Нохчийчохь йолу бакъонийн нигилизм а, юридикан "бермудскан кхосаберг" а тидаме эцча, тхан даьхнех хIуъа хила мега. Цхьахволчу кадыровхочунна кара кхача мега".

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG