ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчоьнан Конституцин кхелан хиллачу куьйгалхочо Францехь тховкIело ехна


Гериханов Ихван
Гериханов Ихван

МухIажарийн а, шайн лаамна дуьхьала беха меттиг хийциначийн а гIуллакхашкахула йолчу Францин къоман кхело 1990-чу шерашкарчу Нохчийчоьнан конституцин кхелан экс-куьйгалхочунна политикан мухIажаран статус йаларан административан гIуллакх луьстуш ду. Таханалерчу дийнахь тIе ца эцначу Ичкерехь тIеман зуламаш листаран къоман трибуналан куьйгалхо ву иза.

2019-чу шарахь цуьнан доьзалан Оьрсийчуьра дIабаха дезнера, оцу хенахь дуьйна политикан тховкIело яларе сатуьйсуш Iа уьш. Герихановс тIетоьхна, мухIажарийн статус лоьхучу нехан цхьамогIа гIуллакхашкахь хаттар кхин а сиха лустура.

"Суна, Iилманчана, юристана, бакъо таллархочунна санна нонсенс хета, кхелан кхеташо 2021-чу шеран Чиллан-беттан 22-хь йолаелла йоллушехь гIуллакх кхин теллина ца хилар а, бух болуш сацам бина ца хилар а. Сацам муха хир бу ала хала ду, иштта гIуллакх дахдаран бахьанаш дийца а", - аьлла Кавказ.Реалиига Герихановс.

Кхел реза ца хилахь Герихановн пачхьалкх дIатаса езар ю.

"Оьрсийчохь суна дуьхьала шозза гIаттийра бехктакхаман гIуллакхаш, амма зуламан хиламаш а, хIоттам а боцуш хиларна уьш совцийра. Шина тIеман а, нохчашна тIехь геноцид латторан а хьокъехь соьга сан ойла хийцийтархьама бен Iаткъам бара иза", - кхетийна Гериханов Ихвана.

Герихановс билгалдаьккхира, ЧРИ-хь динчу тIеман а, адамаллийна дуьхьала а зуламаш листаран къоман трибунало оьрсийн политикан а, тIеман куьйгаллин омраца дукха нохчий байъаран хьокъехь материалаш, тоьшаллаш гулдора.

  • Зазадокху-беттан 25-хь Сучава гIалин кхело кхин а цхьана баттана чохь латтон хан яхйира Нохчийчуьрчу яхархочун Гериханова Аминин. Цуьнан гергарнаш а, иза евза-езарш а тешна бу, бакъо йоцуш вовшахтоьхначу юкъараллаца цуьнан гIуллакх деана дац аьлла. Стигалкъекъа-беттан 4-хь Румынин Лаккхарчу кассацин кхело тIе ца ийцира Гериханова Оьрсийчу хьажоран хьокъехь бина латкъам.
  • Политикан тховкIело йоьхуш хилла, шаьш Оьрсийчу депортаци йинчу Нохчийчуьрчу Мурадов Даудах а, иштта Мурадовс шен гергарчех а, шена гIо динчу бакъоларъяран организацех а бина хилла хаамаш оьрсийн офицаилан органашка дIакхачийна хиларх тоьшаллаш ден кехаташ кхаьчна бакъоларъяран "Мемориал" центре.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG