ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан лехамашка велла Украино


Кадыров Рамзан
Кадыров Рамзан

Лехамашкахь болчу нехан базе ваьккхина Украинан чоьхьарчу гIуллакхийн министралло Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан. Ориентировки тIехь билгалдаьккхина, иза бехкевеш хилар тIом болийна, иза агрессица дIабахьарна а, Украинан дозанаш хийца Iалашонца, шена хаа а хууш, гIуллакхаш лелорна а, конституцин къепе йохорна а, дуккха а нах хIаллакбеш, кхиндолчу къизачу зуламашна а.

Иштта билгалдаьккхина, Кадыров гезгамашин-беттан 12-чуьра схьа дуьйна кхел яле таллам бечу органех лечкъаш ву аьлла.

СБУ-но Кадыровн хьокъехь талламаш болорах хааме даьккхира марсхьокху-беттан 26-чохь. Урхалло къастийна, "2022-чу шеран чиллан а, зазадоккху а беттанашкахь Кадыровс ша куьйгалла а деш, къаьстина тIеман операциш кечйина хилар" Нохчийчуьрчу дакъошца, "буьйраш деш, церан куьйгалхойн рапорташка ла а доьгIуш".

Украинхойн къайлахчу сервсиашна жоп делла Кадыровс шен телеграм-каналехь шина аудиоца. Цо дIакхайкхийна, кхин дIа а спецопераци олучу юкъахь ша дакъалоцург хиларх. Ша Украинан дуьхьал зуламаш лелийна хилар харц ца дина Кадыровс. "Айса Украинехь мел динарг ас тIелоцу, аш иштта бахахь", - аьлла Кадыровс.

  • Иштта украинхойн къайлахчу сервисаша дIахьедина Мартынов Даниилехьа а, Межидов Хьусейнехьа а шайн шеконаш хиларх. 2017-чу шарахь Мартынов Нохчийчухула йолчу Росгвардин хьаькаман гIовс хIоттийнера. СБУ-но жоьпалла цунна тIехь дуьту Киевн кIоштара Бородянскан психоневрологин интернатера 500 гергга стаг закъалте лацарна зазадокху-беттан юьххьехь. Межидов – нохчийн "Юг" батальонан хилла командир ву.
  • Кавказ.Реалиин информацица, иза даржера ваьккхира Охан-беттан юьххьехь, Украинерчу тIамехь даьккхина герз дохка гIортарна. СБУ-н версица, Межидовн буьйраца Киевн кIоштарчу Гостомель гIалахь закъалте эцнера меттигера 200 гергга вахархо, уьш чиллан-беттан 25-чуьра зазадокху-беттан 13-чу дийне кхаччалц лармаш чохь латтийнера.
  • Хьалхо СБУ-но дIахьедира, нохчийн "Ахмат" лерринчу декъан командиран хьокъехь талламаш болийна хиларх. Шеконаш яра Украинан цхьаалина тIекховдарна а, цуьнан бух бохон гIортарна а. Марсхьокху-беттан юьххьехь, бутт хьалха нохчийн Совбезан секретаран дарже ваьккхинчу Алаудиновна, Оьрсийчоьнан Турпалхочун седа белира.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG