ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчоьнан куьйгалхочо харцдо ша Мальдивашкахь хилар. Цуьнан долара кема шозза гина цигахь


Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан
Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан

Нохчийчоьнан куьйгалхочо шен телеграмерчу каналехь харцдина ша Мальдивашкахь хилар, тIаьххьарчу хенахь пачхьалкхера арваьлла вац ша, мичахь йу а ца хаьа шена и гIайренаш аьлла цо. Иштта харцдо цо ша Airbus A319-133CJ кема лелош хилар а – RA-73417 бортан номер йолу и кема тIаьххьарчу кIирнахь шозза гучудаьлла Мальдивашкахь.

Radarbox сервисан хаамашца, 2018-чу шарахь дуьйна Кадыровн долахь хилар билгалдаьлла долу кема чиллан-беттан 1-хь Соьлжа-ГIалара Москва кхечира, тIаккха шолгIачу дийнахь – Мале, Мальдивийн республикан коьртачу гIала. Чиллан-беттан 3-хь борт гIайренашкара йухабогIучу новкъахь гучуйелира, ХIинжа-ГIалина уллохь. Оцу деношна Кадыров хаамийн аренахь гуш вацара – цо дакъа лоцуш дIайаьхьначу тIаьххьарчу кхеташонан репортаж чиллан-беттан 1-хь арахийцира, цуьнан кема хьалагIаьттинчу дийнахь. Чиллан-беттан 6-хь политико ша Соьлжа-ГIаларчу аэропортана инспекци йеш суьрташ гайтира.

Цул сов, республикан куьйгалхо шен мукъа деношкахь ву 2023-чу шеран дечкен-беттан 24-хь дуьйна чиллан-беттан 1-чу дийне кхачалц – ишта кехат ду Нохчийчоьнан урхаллин сайте хIоттийна.

Долара кема лелийнарг мила вара – ша Кадыров Рамзан, йа цуьнан доьзал, йа уллера нах – хууш дац. ТIаьххьарчу хаамашца а догIуш, чиллан-беттан 5-хь долара борт йуха а Оьрсийчуьра Мальдивашка кхечира, цигара чиллан-беттан 6-хь Пхукете (Таиланд), тIаккха чиллан-беттан 7-хь – Дубай. ТIаьххьарчу кIирнахь Таиландехь Кадыровн 16 шо долу кIант Эли ву, иэдинчу летаршкахь дакъалоцуш ву иза нохчийн латархочуьнца, Швецин вахархочуьнца Чимаев Хьамзатаца а, кхечу спортхошца а. Цул хьалха Дубайхь бара уьш.

Дайначу шарахь "Украинская правда-н" журналисташа Кадыровн долахь йолчу Дубайра гIишлонех лаьцна таллам арахийира. Цигахь дуьйцура цуьнан долара кема, 2021-чу шарахь шозза гучуделира иза Соьлжа-ГIалара Мальдивашка доьдуш.

Кадыровс лелош долчу Airbus ACJ319 кемано 2020-чу шеран аьхка шен регистраци хийцира, амма Нохчийчу лелачура ца сецира, иштта дозанал арахьа а лелара, дозанаш къевлина хиллашехь.

VQ-BVQ бортан лоьмар йолу Airbus A319 кема 2018-чу шарахь дуьххьара гучудаьллера, иллиалархочо Тиматис цуьнан салон чохь даьккхина сурт зорбане диллича. Шен "вешин" ду хIара кема аьллера цо хIетахь, дагахь Кадыров а волуш. Йиллина йолчу онлайн радарашна тIе а тевжаш, билгалдоккху, 2021-2022-чу шерашкахь Кадыров шен доларчу кеманца Цхьанатоьхначу Iаьрбойн Эмираташка мел кIезга а 14-гIа вахара. Иштта арахецнера Кадыровн доларчу кеманан чуьра даьхна суьрташ. 80 миллион доллар мах болу кема чуьра кечдинера дуьненахь уггар йеза йолчу Британерчу Winch Design компанино.

  • Нохчийчоьнан куьйгалхочун уллера нах цуьнан йезачу гIишлойн дакъойн долахой хилар гучуделира "Важные истории" зорбанна, кеп-кепарчу пачхьалкхашкарчу 19 зорбано теллина йолчу нахалайаьллачу информацина тIе а тевжаш. Масала, зорбанаша Кадыровн "бохча" олуш волчу Байсаров Русланан 2020-чу шеран Дечкен-баттахь цIартIехь хилла Пальма Джумейра олучу гIайри тIера пхи петар а, хIорданехьа йирзина йоккха вилла а. Дубайрчу Байсаровн боллу бахаман мах бу 10 миллион долларш.
  • Декларацица а догIуш, Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан бахам дайначу шарахь 14-зза лахбелла. 2020-чу шарахь 381 миллион сом даьккхина хилла цо, оцу шарера декларацица дуьстича, тIаккха 2021-чу шарахь - 26,5 миллион сом.
  • 2022-чу шеран дечкен-баттера марсхьокху-батте кхаччалц кхечу пачхьалкхашка дIавахана Нохчийчуьра 948 вахархо – и терахь кхузза сов ду, стохка оцу хенаца дуьстича. Мобилизаци кхайкхийначул тIаьхьа Нохчийчохь шайн йарташкара дIабахначу нехан тептар хIотто долийра, бакъоларйархоша бохура, арахьарачу мехкашкахь лела паспорташ даха кехаташ чулуш хиларх дукхачу наха – царахь цхьаберш лечкъийна бохуш дуьйцура.
  • Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана а, цуьнан гонарчу наха а агрессиве медиакампани йолийна лаамхойн кепехь Украинерчу тIаме баха ца луучу республикан бахархошна дуьхьал, - тоъал доьналла а, иман а ца хиларна бехкебо уьш. Амма нохчийн оппозицихоша чIагIдора, ша Кадыров а, цуьнан гергара нах а Украинина дуьхьал болчу тIамехь дакъалоцуш бац, йа дукха сиха даймахка боьрзу аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG