ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчоьнан куьйгалхочо Закаев ве аьлла – и динчунна махкахь хьоле дахар хуьлуьйтур ду боху цо


Закаев Ахьмад
Закаев Ахьмад

Украинерчу тIамехь дакъа лоцучу махкахошка кхайкхам бина Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана, къобалъянзачу Ичкерин урхаллин арахьара куьйгалхо Закаев Ахьмад ве аьлла. И динчунна маршо а, республикехь хьоле дахар а лур ду аьлла цо.

"Закаев (Украинан дозанех – билг.) тIеман конфликтехь ву. Иза карийнчо ве веза – аша герзаца и газа йийча, ас цIахь маршо а, дахар чекхдаллалц даьхний а латтор ду… Шух муьлхха а цIа ван йиш ю, аша цхьа хIума кхочушдахь, йа Закаевна тIера хеча йоккху, йа цунна коьртаха герз туху", - дIахьедина Кадыровс нохчийн маттахь шен телеграмерчу каналехь.

Нохчийчоьнан куьйгалхо иштта Закаевга а вистхилла – цо аьлла, трибуналаца кхерам хилахь а, цунна тIаьхьваьлла лелачура соцур вац ша.

Хьалхо Кадыров Рамзана чIир кхайкхийра Украинан агIо лаьцна тIамехь дакъа лоцучу къобалъянзачу Ичкерин агIончашна. Къобалъянзачу республикан агIончаш шен пачхьалкхехь тIелоцучаьрга аьлла цо уьш Нохчийчоьне схьабалар, чIир эцаран кепехь уьш байъича оцу пачхьалкхаша и зулам лорур далахь.

Украинан агIор тIемаш беш ю Дудаев Джохаран цIарах батальон (буьйранча Осмаев Адам), ВСУ-н декъехь йолу "Акха арданг" батальон а, ЧIебарлойн Муслима буьйралла ден Шейх Мансуран цIарах батальон а – лаамхойн бакъонаш тIехь. Хьалхо Кадыровс миллион доллар ахча лур ду аьллера нохчийн Украинерчу лаамхойн Дудаев Джовхаран а, Шейх Мансуран а цIарх йолчу батальонийн буьйранчийн Осмаев Адаман, ЧIебарлойн Муслиман болу меттиг хаийтинчунна.

Стигалкъекъа-баттахь Киевехь хилира Закаев, цигахь цхьанакхетарш хилира цуьнан парламентехь, Украинан президентан администрацихь, бевзачу пачхьалкхан политикашца а. Дийцаредира иштта Оьрсийчоьнца болчу тIамехь нохчаша дакъалацарх а. Цул тIаьхьа дIакхайкхийра, Украинехь Ичкерин консул хIотторах – иза ву Шулипа Юрий. Цул тIаьхьа дукха ца Iаш "Маьршачу Кавказехьа" вовшахкхетаралло Лакхарчу Раде проект кховдийра, Ичкерин йозуш цахилар къобалдар доьхуш.

Товбеца-баттахь Украинан байракхан бухахь тIемаш бечу батальонийн декъерчу тIемалоша зевне дIахьедар дира, Кадыровн рожана дуьхьал Нохчийчохь къайлах герзашца дуьхьало ян кийча ду шаьш аьлла.

  • Кадыровс беламе бу элира Украинан парламентехь Нохчийн республика Ичкери къобалъяр дийцаредийр ду аьлла болу хаам. Регионерчу куьйгалхочо бахарехь, Малхбален проект яра Ичкери, и йоцуш ю 2009-чу шарера схьа дуьйна, аьлла тIе а тухуш.
  • Хьалхо Нохчийчохь дIахьедира, Росгвардин урхаллин а, МВД-н а белхахойн а, иштта регионехь биссинчу тIеман министраллин эскархоша а "болх чIагIйинчу роже баккха беза". Билгалдаьккхина, Украинера тIом берззалц иштта раж латто еза регионехь.
  • Украинан кхерамазаллин сервисо таллам болийна Кадыровна дуьхьал, пачхьалкхан зуламан кодексан кхаа артиклехула бехкево иза: агрессиве тIом бар, пачхьалкхан дозанна тIекхийдар, Оьрсийчоьнан тIеман агресси къобалъяр.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG