Нохчийчоьнан куьйгалхочун дарж охьадилла мега ша аьлла, дIахьедина Кадыров Рамзана. Иза маца, йа муьлхачу бахьанца хир ду ца дийцина цо. Хьалхо политико оцу тайпа дIахьедарш динера, амма виссира иза Iедалехь.
"ХIинцале а 15 шо ду ас республикин куьйгалла ден… Хетарехь, сан хан тIекхаьчна, со цхьаммо аракхоссале. Иштта ду хьал. Со къена хилла. Цхьана хенахь къона вара, корматалла йоцуш. Амма хIинца а ву корматалла йоцуш, къоналла а дIаяхана. Оцу гIуллакхна ойла йан дуьйладелла тхо, оха тхайн хенахь дIадаха [агIо бийр бу]", - дIахьедира Кадыровс.
Цуьнан видеона бухахь яздина хIара йоза ду: "Суна сайна а хета со даржехь дукха вахвелча санна. Деха, хенаца билгалдаьккхина а доцуш, садаIар сайна догIуш хета суна. Соьх кхета а кхетта, суна шу тIехIуттург хиларе дог доху аса".
- Кадыровс республикана куьйгалла до 2007-чу шарахь дуьйна. 2021-чу шеран стигалкъекъа-баттахь цо ша республикан куьйгалхочун дарж охьадилла мега бохура, амма оццу гурахь юха а пхеа шарна хаьржира иза. Цул хьалха ша дIаваха тарло бохуш дIахьедира политико 2016-чу а, 2017-чу а шерашкахь.
- Буьззинчу барамехь Оьрсийчоь Украине чугIоьртинчул тIаьхьа Кадыровх коьртачех цхьаъ тIеман пропагандхо хилира, цо сих-сиха йолахой тIаме хьийсорах даредо, президентана Зеленский Владимирна кхерамаш туьйсу. Цул сов оьрсийн эскархоша зарратан герз лелорг хилар тIедитира цо.
- Кадыров масийттаза бехкевора адамийн бакъонаш талхорна, нах лечкъорна, шен критикаш байъарна жоьпалла цунна тIе а дожош. Нохчийчоьнан куьйгалхочунна дуьхьал Американ, Европан санкцеш ю кхайкхийна.
- 2022-чу шеран дечкен-баттахь Кадыровс а, цуьнан гонара наха ЯнгулбаевгIарна биллина кхерамаш тийсира, уьш оппозицин 1ADAT телеграм-каналаца боьзна хета республикан Iедалхошна. Кремл реза ца хилира оцу гIуллакхна юкъа гIорта, амма регионан куьйгалхо Оьрчийчоьнан президентаца Чиллан-беттан 3-хь цхьанакхеттачул тIаьхьа Кадыров Рамзан а, цуьнан гонера нах а ца хIутту ЯнгулбаевгIеран цIераш яха.
- Чиллан-беттан 7-чохь оппозицин политико Яшин Ильяс Кадыров Рамзан даржера мукъаваккхар президентана Путин Владимирна тIе а дожош онлайн-петици хIоттийра. Цхьана дийнахь петицина бух вазвелла 100 эзар сов Change.org платформан пайдаэцархой. Кремлехь дIахьедира, шайна иза дош ца хета, аьлла.