Нохчийчоьнан куьйгалхочо лелош хилла @ya_pomoshnik_kra_95 аккаунт дIакъевлина инстагрмо. Исс миллион стаг вара оцу аIгоне язвелла. Социалан машано важа агIо дIакъевлинчул тIаьхьа йиллина яра и аккаунт, яздо Кавказ.Реалиино.
Формалехь аккаунт лерина яра Нохчийчуьрчу туризмана, амма оцу пена тIехь зорбане дохура мехкан урхалхочо лелочух суьрташ а, видеош а. Оцу агIонехула эфираш дIахьора Кадыровс.
@ya_pomoshnik_kra_95 аккаунтана лерринчу программашца стохка ГIуран-баттахь анализ йича къаьстира: оцу мIаьргонехь 8,2 миллион цуьнан агIоне язбеллачех 1,3% гергга яра жигара аудитори. Ткъа ах эзар сов стаг зийча гучуделира, бакъ йолу аудитори (аьлча а, аккаунтехь буьззина хаамаш болу агIонаш – аватарка ю, 10 ца кхоччуш пост, тIаьххьарчу кхаа баттахь жигара хилар а) 0,3 процент хилар.
- Кавказ.Реалии портало хаамбира, @ya_pomoshnik_kra_95 аккаунт масийттаза гучуяьлла хиларх бевзаш болчу артисташкара реклама оьцуш. Оьрсийчохь вевзачу рэпера Моргенштерна дийцира Кадыровн доьзало социалан машанашкарчу аккаунташка нах лехьабечу барамашкахь дакъалоьцуш хиларх. Нах шайн аккаунташка язбала кхайкхийта луучо дара охьадуьллуш 400 эзар сом.
- Билгалдоккху, дуьххьра Кадыровн инстаграмера а, фейсбукера а агIонаш дIакъевлира 2017-чу шеран ГIуран-беттан 23-чохь – Нохчийчоьнан куьйгалхочунна "Магнитскийн тептаран" гурашкахь санкцеш туьйхира. ХIетахь цо дIахьедира, Mylistory социалан маша белларх Нохчийчохь. Амма нахалахь баржанза бисина и маша. 2018-чу шеран аьхка Нохчийчоьнан урхалхо инстаграмехь za_kadyrov_95 аьлла, аккаунт йиллира. Амма иза а дIакъевлира.