ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчоьнан куьйгалхочун накъосте Даудов Мохьмаде шеконаш кховдийна СБУ-но


Даудов Мохьмад а, Кадыров Рамзан а
Даудов Мохьмад а, Кадыров Рамзан а

Украинин кхерамзаллин урхалло Нохчийчоьнан парламентан куьйгалхо Даудов Мохьмад Оьрсийчоь Украинина тIелатарехь дакъалоцуш хиларна шек ду шаьш аьлла дIахьедар дина. Иза урхаллин сайтехь билгалдаьккхина ма-хиллара, "[куьйгалхочун Кадыров Рамзанан] "уллорчу гонехь ву, агресси лелорехь цо луш долу омранаш кхочушдеш ву., Украинина дуьхьала бечу тIеман хьокъехь.

СБУ-но дийцарехь, 2022-чу шеран стигалкъекъа-баттахь дуьйна схьа Даудов оьрсийн эскарехь "керла тIелатарийн батальонаш" вовшахтохарехь болх беш ву. И батальонаш Къилбаседа Кавказехь латтош йу.

"Цо ша вовшахтоьхна ларалуш йу "Север- Ахьмат" леринчу хьаштийн 78 полк. Иштта "Юг-Ахмат", "Запад-Ахмат" и "Восток-Ахмат" батальонаш а... Хууш ду, товбецан-баттана, лахьан-баттана йуккъерчу муьрехь иза цхьана ханна дIалийцинчу Лисичанске, Попасная, Мариуполе вогIуш хиллийла. Цигахь иза керла вовшахтоьхначу кадыровхойн тобанийн хьалханчашца цхьаьнаветтавелла. Цаьрга цо жигара тIом бе бохуш кхайкхамаш бина", -аьлла дийцира украинхойн кхерамзаллин урхаллехь.

И дерриге дарна, Украинин Бехкзуламан кодексан кхаа артиклаца йогIу шеконаш кховдийна Даудовга. Иза луьра тIом бечаьрца цхьаьна хилар, адамаш дойуш, кхинйолу къизаллаш йеш, кхечу пачхьалкхан латтана тIекховдар, Оьрсийчоьнан агресси бехказайахар.

  • Дечкен-баттахь Украинин кхерамзаллин урхалло Нохчийчуьра Оьрсийчу вахийтинчу депутатна Делимханов Адамна дуьхьал гIаттийра бехкзуламан гIуллакх. Иза а ву Украинин бехкзуламан кодексан шина артиклаца бехкевеш: Украинин доза дохон гIортарна, Оьрсийчоьнан агресси бехказайахарна.
  • Украинхойн леринчу урхалло дIахьедарш дира Мартынов Даниилна, Межидов Хьусайнна. Мартынов - Оьрсийчоьнан ФСБ-н хилла белхало. 2017-чу шарахь Нохчийчохь йолчу Росгвардин урхаллин куьйгалхочун гIоьнча хIоттийра иза. СБУ-но дийцарехь, иза бехке лоруш ву зазадоккху-баттахь Киев махкарчу Бородянскерчу психоневрологин интернатера 500 стаг дIалацарна.
  • Кхин а хьалха СБУ-но дIахьедира, ша долийначу кхечу гIуллакхах. "Ахьмат" нохчийн леринчу батальонан буьйранчина Алаудинов Аптина дуьхьала даьккхинчу. Иза бехке хила тарлуш ву Украинин латтана тIехкховдарна. Товбецан-баттахь Алаудиновна Оьрсийчоьнан турпалхо цIе йелира. "Украинехь а, "ЛНР"-хь майралла, доьналла гайтарна". Кадыровс иза Нохчийчоьнан Совбез кхерамзаллин урхаллин хьаькам хIоттийра.
  • Даудов Мохьмад дIахьедарш дира, Украинерчу тIамехь Оьрсийчоьнехьа болу нохчий "Исламан дуьхьа" тIом беш бу бохуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG