ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчоьнан куьйгаллица йоьзна компани тоьлла 15 млрд соьманна йолчу тендерехь


Соьлжа-ГIалара аэропорт
Соьлжа-ГIалара аэропорт

Соьлжа-ГIаларчу "Северный" аэропортана реконструкцина хьажийна йолчу 15 млрд соьманна тендерехь толам баьккхина Нохчийчоьнан куьйгаллица, къаьсттина, пачхьалкхан думан депутатаца Делимханов Адамца йоьзначу "Смарт Констракшн" компанино. Аукционехь и цхьаъ бен декъашхо ца хилла.

Ставропалан Newstracker гIирсан хаамца, 2020-чу шарахь "Смарт Контракшн" компанехь болх беш виъ стаг бен ца хилла, амма 2021-чу шеран чакхенгахь церан терахь 145 белхалочунга даьлла. Дахначу шарахь компанис даьккхина ахча 645 млн соьмал совдаьлла – иза 23-зза кIезга ду аэропортана реконструкци ярна хьажийначу ахчал.

"Смарт Констракшно" хьалхо дакъа ца лецна пачхьалкхан заказашкахь. Амма цунан долахочун Iуналлехь кхин а цхьаъ компани ю, "Смарт Билдинг", цо Соьлжа-ГIалахь кхочушъеш цхьамогIа яккхийра проекташ ю, шайлахь 435 метр йолу "Ахмат Тауэр" стигал-бохь йолуш. Иштта "Смарт Билдинган" портфелехь ю – ТРЦ "Грозный-Молл" а, уггар еза петарш йолу "Минутка" нах беха комплекс.

2018-чу шеран Чиллан-баттахь "Чечня Сегодня" агенталло хаамбора, "Смарт Билдинг" аэропортан керла терминал еш девелопер хир ю аьлла.

"Смарт Констракшнан" а, "Смарт Билдинган" долахо ву Забайраев Сайд-Мохьмад, иза, гIирсо дийцарехь, сих-сиха го наханна юккъехь Делимханов Адамца а, кхинболчу лаккхара хьаькамашца а.

  • Хьалхо Кавказ.Реалиино хаамбора, Нохчийчуьрчу Iедалхоша тIехьарчу терахьца 14 млн соьманна "Ахмат Арена" спортан комплес ларъяран а, иштта 3,5 млн соьманна стадионан VIP-хьешашна шун хIоттон а тендераш хIиттон сацамбарх лаьцна. Цул сов, "адмийн бакъонехула йолчу агIора бакъонийн тIекхиорна" тендерна хьажийра 1,9 млн сом, иштта 4 млн сом – зезагийн курсашна а, VIP-совгIаташна а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG