Нохчийчохь мехкан лаккхара совгIат - Кадыров Ахьмадан цIарах орден - йелла "Нохчо" фольклоран ансамблан директорна Ахмадова Амнатана. Официалехь боцчу хаамашца, Нохчийчоьнан урхалхочун кхоалгIа хIусамнана йу иза.
Республикин халкъан артистана Ахмадована орден дIакховдийра Кадыровн йоккхаха йолчу йоIа Кадырова Iайшата. Нохчийчоьнан вице-премьеран даржехь йу иза. Дуьхьал жоп лучу Ахмадовас дIахьедира, даим а оцу совгIате сатуьйсура ша, баркалла элира совгIат дарна зал чохь хиллачу Кадыров Рамзанна, цуьнана хIусамнанна Меднина а.
Цул совнах, ансамблан хIора декъашхочунна 50 эзар сом лур долуш регионалан Кадыров Ахьмадан цIарахчу фондера, Кадыровн долара бохча олу цунах.
Ахмадова Амнат Кадыров Рамзанан кхоалгIа зуда хиларх дийцира 2019-чу шарахь голландхойн Оьрсийчуьра орамаш долчу режиссеро Новикова Машас. Артистан дас-нанас АхмадовгIара Рамзана а, Айзас а кхоьллинчу Нохчийчуьра берийн хелхаран "Даймокх" ансамблах лаьцна кино йаьккхира цо. Новиковас бахарехь, ша хIоразза Нохчийчу мел йоьду, церан хIусаме йуссура иза, Кадыровца там-мах бинчул тIаьхьа кхечу шен "цIа" дIайахара Амнат, ткъа цуьнан вежаршна а, дена а пачхьалкхан даржаш делира, керла машен а, йоIана уллора цIа а деллера, бохура цо.
Официалехь информаци тIечIагIйина йац. Кадыровс нахана гергахь цкъа а бакъдина дац шен масех зуда хилар.
- 2022-чу шеран гIадужу-баттахь Ахмадова Амнат Японин санкцийн тептаре йаьккхира, Кадыроов Рамзанан цхьахйолу хIусамнана санна. Цу тIехь хьахийнера иштта Хазуева Фатима а, шолгIа зуда лоруш йу иза Кадыровн. Гезгамашин-баттахь Кадырова Медни а, Хазуева Фатима а, Ахмадова Амнат а Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн санкцийн тептаре йазйира
- Стохка марсхьокху-баттахь Нохчийчоьнан урхалхочун инстаграмехь дуьххьара доьзалан сурт хIоттийра, цу тIехь йу Хазуева Фатима. 2006-чу шарахь 15 шо долу Хазуевас шолгIа меттиг баьккхира цкъа бен Нохчийчохь дIайаьхьна йоцчу хазаллин конкурсехь. 2021-чу шарахь "Проект" гIирсо шаьш бина таллам арахийцира, цу тIехь журналисташа дийцира, Хазуеван цIарах активех, иштта гайтира "Нохчийчоьнан хазалла-2006" конкурса йуккъера видеон кийсак а. "Проекто" хаам зорбане баьккхинчул тIаьхьа Хьалхарчу канало дIайаьккхира йоI тIехь йолу видео.
- "Проектан" хаамашца, Нохчийчоьнан куьйгалхочун официалехь йолчу зудчунна – Кадырова Меднина а, Хазуева Фатимина а тIейазйина йу Москварчу тоьлла ларалучу меттехь 800 миллион сом мах болу хIусамаш. Доккхачу декъанна, Хазуеван долахь лоруш йу Соьлжа-ГIалара Кадыровн резиденцина гена доццучуьра гектар гергга лаьтта тIера хIусамаш. Соьлжа-ГIалахь "уггар а хаза меттиг" лерира и "Важные истории" гIирсо. Иштта Хазуеван цIартIехь йу Москвара тоьллачу кIошташкара 130-на тIера 29 квадратан метаршка кхаччалц йолу кхо петар а, 600 квадратан метар латта а. "Проектан" таллам зорбане боккхучу заманчохь оцу петарех уггар а йезачун мах бара 200 миллион сом.