ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчоьнан Лаккхарчу кхело ара ца ялийтина бакъоларъярхочун Янгулбаев Абубакаран нана Мусаева Зарема


Мусаева Зарема
Мусаева Зарема

Нохчийчоьнан Лаккхара кхел реза ца хилла бакъоларъярхочун Янгулбаев Абубакаран нана Мусаева Зарема лацаран хьокъехь кховдийна апеляцин латкъам къобалбан. Цо СИЗО-хь мел-кIезга а Оханан-бут тIе кхачалц хан йоккхур ю.

Мусаеван адвоката Шиндяпин Аркадийс дийцина Кавказ.Реалиига оцу апеляцин латкъаман чулацамах лаьцна. Цигахь билгалдаьккхина бехкеечо бехкаш тIе ца лацар, Нохчийчуьрчу шен доларчу хIусамера дIасаялар а дихкина, цIахь лаьцна йита таро хилар а, иштта диабет цамгар токхуш хилар а.

"Кхелан хьалхарчу инстанце ца хьажийнера цуьнан могушаллех кехаташ, ткъа цуьнан могушаллин хьал кхело чоьте ца ийцира. ХIинца лоьрашкара документаш дIакхачийна оха", - хаам бина Шиндяпина.

Мусаева Заремас кхелехь видеозIенехула къамел дира, талламан органех уьдуш лела дагахь яц ша элира цо, иштта дийхира бина сацам кIадбар, шега хаам ма-кхаьчнехь, кхеле схьаян декхаре а хIуттуш.

"Тхайга кхелан сацам схьакхаьчначул тIаьхьа кассацехь кхин дIа латкъам бийра бу оха. Нохчийчуьрчу Лаккхарчу кхелехь а дегайовхо яра тхан, хIунда аьлча, Мусаеван могушаллин хьал а, цунна сагатдар а, иштта СИЗО-н белхахойн а коьрта аргумент хилла дIахIотта еза. Амма Iаламаташ дахарехь ца хуьлу", - тIетуьйхира юриста.

  • Дечкен-беттан 20-чохь, шаьш Нохчийчуьра полисхой ду аьлла нах, Нижний Новгородерчу ЯнгулбаевгIеран хIусамчу лилхира. Курхалла лелорца доьзначу гIуллакхна тIехула тешашка санна, цаьрга хеттарш дан деза аьлла, бертаза Янгулбаев Сайди а, цуьнан хIусамнана Мусаева Зарема а Нохчийчу схьадаладе аьлла, девзина доцу кехаташ дара цаьргахь. Янгулбаев Сайдин оцу хеначохь суьдхочун статус хиларна, цуьнан зуда бен ца йигина дIа – иза шен петар чуьра тIе бедарш ца йохуьйтуш, йа молханаш схьа ца оьцуйтуш нуьцкъаха дIайигира (зуда диабетах бала хьоьгуш ю).
  • Соьлжа-ГIала схьа ма кхаччара Мусаева I5 денна-буьйсанна дIалецира, полисхо сийсазварна бехке а йина. ТIаьхьо цунна доьхьал бехктакхаман гIуллакх даьккхира – цара дийцарехь, иза нуьцкъахочунна тIелетта. Таллам боьдучу юкъанна кхело шина баттана СИЗО чу йоьллина зуда.
  • Мусаева Зарема лачкъийна ши кIира даьлча бен цунна тIекхача аьтто ца белира адвокатан – хIинццалц юристаш изоляторна чу ца буьтура, тIаьхьо адвокатийн гIоьнах дIахедаш Заремас куьгяздича санна кехат гайтира. Амма шен цхьанакхетар хилча цо тIечIагIдира ша и кехат яздина ца хилар, иштта цо тIе ца лецира шега кхийдон бехкаш а. Адвоката бахарехь, Мусаевана лоьрийн дарба оьшу.
  • Кадыровс а, цуьнан гонара наха ЯнгулбаевгIарна биллина кхерамаш тийсира, ткъа Соьлжа-ГIалахь царна дуьхьал митинг хIоттийра, хаамийн гIирсаша бахарехь, цига схьагулбинера бюджетан белхалой. Кремл реза ца хилира оцу гIуллакхна юкъа гIорта, амма регионан куьйгалхо Оьрчийчоьнан президентаца Чиллан-беттан 3-хь цхьанакхеттачул тIаьхьа Кадыров Рамзан а, цуьнан гонера нах а ца хIутту ЯнгулбаевгIеран цIераш яха.
  • Чиллан-беттан 7-чохь оппозицин политико Яшин Ильяс Кадыров Рамзан даржера мукъаваккхар президентан Путин Владимирна тIе а дожош онлайн-петици хIоттийра. Цхьана дийнахь петицина бух вазвелла I00 эзар сов Change.org платформан пайдаэцархой. Кремлехь дIахьедира, шайна иза дош ца хета, аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG