ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчоьнан пачхьалкхан декхар шозза кхиъна доьдучу шарахь


Кадыров Рамзан
Кадыров Рамзан

2019-чу шарера 2023-чу шаре кхаччалц Нохчийчоьнан пачхьалкхана хьалха долу декхар 13 миллиарде даьлла. Оцу йукъанна доьдучу шарахь и декхар шозза лакхадаьлла, аьлла ду официалан порталехь премьер-министро Хучиев Муслима куьг йаздина зорбане даьккхинчу кехата тIехь.

Документа тIехь йаздо, 2019-чу а, 2020-чу а шерашкахь республикин пачхьалкхана хьалха декхар диъ ахмиллиард сом дара, 2021-чу шарахь и лахделлера – кхо миллиард ахмиллиард дара хIетахь. Стохка йуха а алсамделира – 6,3 мил13, 5 миллиарде.

Пачхьалкхан декхаран доккхаха долу дакъа ду инфраструктурин проекташна лерина федералан центран бюджетан кредиташ. 2019—2021-чу шерашкахь уьш йанне а йацара, ткъа стохка Москвагара духалург эцна 2,7 миллиард сом кху шарахь – 9,5 миллиард сом.

Пачхьалкхан декхар дIадала, аьлча а, проценташ дIатакха, Нохчийчоьно дайина 2023-чу шарахь 150 миллион сов сом.

Оцу йукъанна Нохчийчоьнан куьйгаллин Iалашо йу пачхьалкхан декхар алсамдаккха 17,5 миллиард соьме тIедогIучу шарахь 16, 2 миллиард, 2025-2026-чу а шерашкахь 14,6 миллиард сом а хуьлуйтуш.

Къилбаседа Кавказера регионийн жамIан пачхьалкхан декхар тIаьххьарчу пхеа баттахь кхиъна бархI миллиард соьме. Проценташца дозуш аьлча и декхар къаьсттина совдаьлла Нохчийчохь – кхаа миллиардана тIера йалх миллиарде.

  • Украинаца тIом болийначу хенахь Нохчийчоьнан Iедалхоша сагатдора Оьрсийчоь тIелатарца доьзна санкцийн тIаьхьена. Мехкан урхалхочо Кадыров Рамзана кхеташонаш дIа а хьош, бахархошна тIедожийра бошмашкахь массо а оьшург дIайе бохуш, ткъа экономика кхиоран министро мехийн мониторинг йолийра. Эксперташа дийцира Кавказ.Реалиига Нохчийчоьнан экономикана леринчу перспективех – Оьрсийчоьнан регионашлахь уггар а алсам дотацеш кхочучу.
  • Нохчийчоь аутсайдер йуьсу белхазаллин терахьца а, некъаш тIехь ДТП-хь кхалхаршца а, банкроташ хиларехь а, пенсеш а, хьехархойн алапаш лахара хиларна тIехь а, нехан банкашкахь ахчанаш кIезга хиларехь а, нехан таронаш цахиларехь а. Оцу йуккъехула Минпромторган рейтингехь хьалхара позицеш дIалаьцна бохуш, Соьлжа-ГIалара схьахезочу дIахьедарша шеконаш йуьту уьш бакъ хиларх.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG