ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчоьнан пачхьалкхан "Вайнах" телеканалан ютуб дIакъевлина


Нохчийчохь ВГТРК-н филиал йолу "Вайнах" телеканал дIакъевлина YouTube видеосервисо.

"Ала йиш ю сан, тхан телеканало шен аккаунт лелош яра, видеохостинго хьалхадехкина массо а тIедилларш кхочушдеш. Блок тухуш ю аьлла, тхоьга хаийтина а дац, цхьа низамаш дохийна аьлла, бина хаам бац", - дIахьедина ТАСС агенталле каналан директоро Веселаева Рузаннас.

ТIаьхьо Роскомнадзоро тIедожийра Google компанина, ГТРК "Вайнах" схьаелла аьлла. Оьрсийчоьнан Iедалхошна хетарехь, оцу кепарчу дозанаш деттаран барамаша бухера дуьйна йохош ю маьрша информаци яржоран а, дуьхьало йоцуш цунна тIекхачаран а коьрта принципаш", яздо "Интерфаксо".

Пачхьалкхан бюджетера ахчано латтош йолу "Вайнах" канал, официалан Нохчийчоьнан информацин рупорех цхьаъ ю. Цо дуьйцу мехкан урхалхочун балхах, цо ден дIахьедарш а цхьана хазош.

  • Зазадокху-баттахь YouTube сервисо дIакъевлира Евросоюзан мехкашкахь оьрсийн пачхьалкхан RT (Russia Today хилла йолу) –"Спутник" информацин агенталлица йоьзначу каналашна дуьхьалбохур бу оцу кепара барамаш. Сацам тIеэцна, Украинехь Оьрсийчоьно тIом болорна дуьхьал Евросоюзо тоьхначу санкцийн гурашкахь.
  • Дуккха а нохчийн хьаькамаш инстаграмера арабевллашехь а, социалан маша "информацин тIеман гIирс бу" аьлла, республикан урхалхочо Кадыров Рамзана дIахьедарш диннашехь, Iедална муьтIахь йолчу зорбанан гIирсаша а, пабликаша а лелош яра шайн инстаграм-агIонаш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG