ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчоьнан парламента Оьрсийчоьнан думе дехна Соьлжа-ГIалин кIоштийн кхелийн цIерш хийцар


Соьлжа-Г1ала, Нохчийчоь

Нохчийчоьнан парламента Оьрсийчоьнан пачхьалкхан думе Соьлжа-ГIалин кIошташкара кхелийн цIерш хийцар хьоьхуш низаман проект хьажийна. Пачхьалкхан думан сайта тIехь бу и хаам.

Низаман проекта хьоьху хIокху кхелийн цIерш хийцар:

  • Ленинскан кIоштан кхел – Ахьмадан кIоштан кхел тиллар;
  • Октябрьскан кIоштан кхел – Байсангуран кIоштан кхел тиллар;
  • Старопромысловскан кIоштан кхел – Висаитовн кIоштан кхел тиллар;
  • Заводскойн кIоштан кхел – Шейх-Мансуран кIоштан кхел тиллар.

Кхеторан кехатехь аьлла ду, 2020 шеран ГIуран-беттан 29-хь Соьлжа-ГIалин думан сацамца гIалин йиъ кIоштийн цIерш хийцина хилар: Ленинскан кIошт – Ахьмадан, Октябрьскан кIошт – Бансангуран, Старопромысловскан кIошт – Висаитовн, Заводскойн кIошт – Шейх-Мансуран цIерашца. Оцу кIоштанашкара кхелийн цIерш хьалхалеранаш ю, нохчийн депутаташа бахарехь, оцу гIуллакхо "бахархошна новкъарлонаш йо".

  • Кадыровн доьзалан цIерш тохку Нохчийчохь дукха объекташна – доьшийлашна тIера тоькан станцешка кхачалц. 2021-чу шеран Мангалан-баттахь Кадыров Ахьмадан– Нохчийчоьнан президент хиллачун, хIинцалера куьйгалхочун Кадыров Рамзанан ден – цIе тиллира Нохчийн пачхьалкхан университетана. Марсхьокху-баттахь президента Путин Владимира Кадыров Ахьмадан цIе тиллира Соьлжа-ГIаларчу дуьненаюкъарчу аэропортана а.
  • Цул совнаха, Кадыров Ахьмадан цIе лелош ю махкара футболан клуб (дуьххьара "Терек" яра цуьнан цIе), Кадыровн долара фонд а, кхинйолу объекташ а. Хьалхо пачхьалкхан зорбанаша дуьйцура, Гикало-эвлан бахархоша Кадыров Рамзане а боьвлла, цуьнан ден деден, Бенойн Iийсан кIентан Iабдулкъедаран цIарах маьждиг догIа, аьлла дехар дина хилар. Цул хьалха республикехь уггара доккхачу шина маьждигана – "Нохчийчоьнан дог" а, "Ненан дог" а – Кадыров Рамзанан ден а, ненан а цIерш елира.
  • "Конфликтийн анализан а, уьш юхаяхаран а центран" директора Сокирянская Екатеринас хьалхо дийцира, бахархошна регионан куьйгалхочун ден-ненан сибаташ ду коча ухкуш, амма республикера нах дерриг кхеташ бу, и леладо шен Кадыров Рамзанан сибат хьалхатеттархьама аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG