ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Нохчийчоьнан республикина динчу гIуллакхашна" мидал йелла Кадыровн 19 шо долчу йоIана


Кадырова Табарик
Кадырова Табарик

Нохчийчоьнан куьйгалхочун 19 шо долчу йоIана Кадырова Табарикана мидал йелла "Нохчийчоьнан республикина хьалха гIуллакхаш дарна" аьлла. Оцу кепара билгалдаьккхина "совдегаралла кхиош, регион инвестицешна хазйеш" цуьнан дакъалацар. Табарик бехкелоруш йу таксин мах кхузза лакхабаларна, ткъа цуьнан цхьахйолчу фирмин шо дирзира 22 миллион соьмана зенаш хуьлуш.

Кадырова Табарикана совгIат дарх хаамбира Соьлжа-ГIалин мэрихь, масех иза декъалйеш кхайкхамаш бира официалан наха шайлахь цуьнан йиша, Нохчийчоьнан куьйгалхочун а, министрийн кабинетан а администрацин хьалхарчу гIовса, Кадырова Хадижата а. Цо дIахьедира, Табарикан балхе хьежар "инновацица" ду, цо аттачу доккху махкара жимчу а, йуккъерчу а бизнесан хьал.

Оьрсийчоьнан цхьахйолчу машанан хьалхара фитнес-клуб Соьлжа-ГIалахь схьайиллинчу дийннехь хиира совгIат дарх. Церемони хьажийра "Ирс Групп" компани йилиина шо кхачарна, и схьайиллинарг а йу Нохчийчоьнан урхалхочун 19 шо долу йоI. Цунна баркалла элира, республикана и клуб "совгIатна" схьайелларна. Фитнес-клуб схьайелларца "Ирс Групп" муха йоьзна йу, хууш дац.

Кадырова Табарикан долахь йу "Берекат" (юстуш-узуш йухку сурсаташ), "Альпийские луга" (бепиг, мерза хIума йаттар), "Грозненское такси"(таксхойн болх) фирмаш. ТIаьххьарчо дина 2023-чу шеран жамIашца 22 миллион соьмана зен.

Стохка бIаьста Нохчийчохь йолчу Оьрсийчоьнан "Яндекс" таксин компанин тарифаш шаьш йолчул кхузза йазйеллира. Нохчийн оппозицин жигархоша бахарехь, иза доьзна ду меттигерчу кхечу таксин компанешна дуьхьал кадыровхоша йинчу "рейдашца". Нохчийчуьра шахьарахь уггар а йаккхийчех йу нах дIасалелон "Грозненское такси".

  • "Ирс Групп" шен болх шуьйро баржон дагахь йу - (юстуш йухку сурсаташ), оьрсийн а, кхечу пачхьалкхийн а брендашца, франшизашца уьйраш тасар, гостиницийн, ресторанийн бизнес, реклама, йохкар, эцар, хIусамийн аренда а",- элира компанин презентацехь Кадырова Табарика. 2023-чу шарахь компанино даьккхина 200 миллион сом.
  • Марсхьокху-баттахь Кадырова Табарикца йоьзначу НКО-на грант кхечира бизнесна гIоьнна кхо миллион гергга сом. Грант кхаьчна коммерцица йоьзна йоцчу "Единство" организаци йиллина Межидова Лаура оцу йукъанна "Ирс групп" йиллинчех лоруш а йу.
  • Украинин президенто Зеленский Владимира оханан-беттан 1-хь керла санкцеш йукъайаьхна. Царна йуккъелаьцна цхьаболу Оьрсийчоьнан махкахой а, компанеш а. Цу могIарехь йу Нохчийчоьнан куьйгалхочун 18 шо долу йоI Кадырова Табарик. КадыровгIеран доьзална хIун тIеIаткъам бийр бу цу санкцеша, аьлла хеттарш дийцаредира Кавказ.Реалии сайто эксперташца.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG