ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчоьнан цкъа а ца хилла суверенитет, аьлла Кадыровс


Нохчийн халкъан турпалхой, доккхачу декъанна, шейх Мансур, Бенойн Байсангур, Таймин Биболат, Адин Сурхо, уьш гIиртина Нохчийчоь таханалерачу кепе ялон, дIахьедина мехкан куьйгалхочо Кадыров Рамзана. Исторех лаьцна шена хетарг довзийтина цо министрийн кабинетца тIаьххьара дIаяьхьначу шуьйрачу кхеташонехь.

"ХIара мохк вайн бу, кхин цхьаьннан а бац. Шейхан Мансуран заманера схьа дуьйна хIу ду вай къийсинарг? Дин лело а, нохчочун кодекс Iалашъян таро хилийта гIерташ къийсам латтийна вай. Вайн халкъан турпалхой схьа а эцна, цара лелийначун, цара къийсинчун а мах хадийча, кхета вай, тахана вайн йолу маршо езара царна", - аьлла Кадыровс.

Шайн пачхьалкх цкъа а хилла яц нохчийн, боху мехкан куьйгалхочо.

"Вайн цкъа а хилла яц суверенитет а, я вешан пачхьалкх а. Нагахь санна, Нохчийчоь йозуш йоцуш хила лууш шейх Мансур хиллехь, Геленджике кхаччалц дIагIур вацара иза, мохк схьа а баьккхина, шен байракх а, герб а йолуш, пачхьалкх кхуллур яра. Ткъа цо-м Кавказ ма яьккхиний, Анапе кхаччалц дIа а вахана", - боху Кадыровс.

Регионан урхалхочунна хетарехь, тахана "оцу нехан доIанашна Дала жоп а делла, вайна толам белла совгIатна". Ткъа и толам Iалашбархьама, "Кадыров Ахьмадан некъа тIехь дIаваха веза, кхин хIумма а дагалеца а ца гIерташ".

  • Карарчу хенахь Нохчийчоьнан куьйгаллехь волчу Кадыров Рамзанан да, Кадыров Ахьмад, 1990-чу шерашкахь Нохчийчоьнан Республикан муфтий вара. Цул тIаьхьа федералашкахьа велира иза. 2000-чу шеран аьхка дуьйна Нохчийчоьнан администрацин куьйгаллехь вара иза. 2003-2004-чу шерашкахь Нохчийчоьнан президент лаьттира. 2004-чу шеран Стигалкъекъа-баттахь Соьлжа-ГIалахь йинчу кIелонехь велира.
  • Нохчийчоьнан президент лаьттинчун цIе лелош бу республикехь 300 урам Соьлжа-ГIалара коьрта майда, паркаш, Нохчийн пачхьалкхан университет, школаш, гимназеш, берийн бошмаш, "Нохчийчоьнан дог" юккъера маьждиг, Росгвардин полк. Карладоккху, Чиллан-баттахь оцу Росгвардин ларми чохь дуккха а нах байъина хиларх хааме даьккхира "Новая газетано".
  • Президент лаьттинчун цIе тиллира иза винчу Хоси-юьртана – Ахмат-Юрт аьлла.
  • Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира Соьлжа-ГIаларчу дуьненаюкъарчу аэропортана а тиллира Кадыров Ахьмад винчу дийнахь арахецначу омраца цуьнан цIе.
  • Цул совнах, Кадыров Ахьмадан цIе лелош ю махкара футболан а, латархойн а клубаш а, иштта Кадыров Ахьмадан цIарах фонд а ю. Стохка ГIуран-баттахь дуьйна Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн финансийн министралло хIоттийначу санкцийн тептарехь ю уьш. Кадыровн портретех дуьзна ду Соьлжа-ГIалин урамаш.

Хьажа комменташка

Коьрта теманаш

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG