Нохчийчуьра кхело ТIехьа-Мартанара 22 шо долчу вахархочунна административан гIуллакхехула гIуда тоьхна интернетехь "экстремизме" материалаш лехарна. Жимчу стеган цIе йоккхуш йац, мел гIуда тIедожийна а билгал ца даьккхина.
Кхелан сацаман терго хилла "Медиазона" гIирсан. Сацам шолгIа бина хилла гезгамашин-беттан 3-чу дийнахь. ТIехьа-Мартанан вахархочун хьокъехь цкъа хьалха хIоттийна хилла протокол кхело полици йуха хьажийна хиллера. Магийна йоцу хIун информаци жимчу стага лоьхуш хилла, хууш дац.
Журналисташа билгалдаккхарехь, карарчу хенахь хууш ду "экстремизме йуй хуушшехь материалаш лехар" аьллачу артиклехула йалх гIуллакх айдина хиларх лаьцна. И Iедалан къепе болх бан йолийна 2025-чу шеран гезгамашин-баттера схьа дуьйна. Оцу бехкана уггар доккха таIзар ду – пхи эзар сом гIуда.
2026-чу шеран бIаьста Нохчийчохь оцу артиклехула гIуда тIедожийра Алпатовера 29 шо долчу Магомадов Iийсанна. Пачхьалкхана охьадиллийтар цуьнга кхо эзар сом. Официалан версица а догIуш, оппозицин нохчийн NIYSO и "ТАБУК" телеграм-каналаш лоьхуш хиллера иза. И царна мукъа гучудаьлла а, хууш дац
- Сочихь гIуда туьйхира меттигерчу йахархочунна Бока цIарца дика вевзаш волчу Давидян Борисан "Доля воровская" йиш лакхарна. Цунна полисхочо протокол хIоттийра, экстремистийн символика гайтина цо аьлла. Оцу йукъанна билгалдаьккхина илли дац юридикан министралло "экстремизме материалех" хIоттийначу тептарехь, тидам бира тхан редакцино.