ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчоьнан вице-премьеран кIант лазийна ГIалгIайчохь герз кхуьйсуш хиллачу летаршкахь


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

ГIалгIайчохь некъаца хиллачу конфликтана юкъахь хилла Нохчийчоьнан вице-премьеран Усмаев Вахьитан кIант Усмаев Расул травматикан герз кхетта лазийна, дарбан цIийне кхачийнера иза. "Фортангас" а, Baza телеграм-канало а бина цунах лаьцна хаам.

Кавказ.Реалиин хаамашца, хиллачух полицига дIахаийта дуьхьал хилла ший а агIо. ГIалгIайчуьрчу чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан урхалло хиллачух лаьцна комментари йина яц. Официалан реакци яц Соьлжа-ГIалара а.

Карарчу беттан 27-чохь хилла ю инцидент, дов даларан бахьанаш кеп-кепара довзуьйту хаамийн гIирсашкахь. "Фортанган" информацица, Нохчийчуьрчу машенлелорхочо шога некъ бихкина хилла ГIалгIайчуьрчу вахархочун.

"Масех вара уьш, некъа тIехь чIогIа шога лелара уьш, тхан жимчу стага [ГIалгIайчоьнан вахархо] ша резавацар дIахаийтича, цунна тIелетира уьш. Иза ша цхьаъ вара, амма цо дуьхьало йира, цхьахволчу "кадыровхочунна" чов а еш", - яздира дахначу кхаарин дийнахь гIалгIайн хаамийн гIирсо, лазийнарг - Нохчийчуьрчу вице-премьеран кIант хилар билгалдоккхуш.

Информацина кхин а тIетуьйхира Baza телеграм-канало, герз тоьхна машенлелорхо ГIалгIайчуьра Аушев ИбрахIим хилар довзуьйтуш. Усмаев Расулал а хьалхавала гIоьртина хилла иза тарсси тIехь, амма вукхо некъ ца битина цунна.

"Некъайистехь севцира машенаш. Юкъаметтигаш къесто волаведлира шиъ - юьхьанца бага лееш, тIаккха буйнаш бетташ.
"Базан" информацица, дуьххьара куьйг айдинарг ву Усмаев. Цуьнан оппоненто, Аушев ИбрахIима, травматикан тапча а яьккхина, масийттазза тоьхнера Усмаевна, чIагIдо телеграм-канало. Оцу кепара верси йовзийтира хьлахо "Интерфаксо" а. Агенталло билгалдаьккхира, оцу меттиге баьхкинчу бакъоларъяран органаша дIасабаьхнера летарш, дIа а лоьцуш.

ХIетте а ГIалгIайчуьрчу чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан урхалло Назранан кIоштахь хиллачу герзашца летарх лаьцна бина хаам бац.

Цхьа а бехкаш ца дохкуш, тIаьхьо дIахецнера Аушев ИбрахIим, хаамбира Кавказ.Реалиига еарийн дийнахь цуьнан гергарчо.
Шина а агIоно претензеш йоцуш, полицига дIахьедар ца деш дерзийтира гIуллакх, чIагIдо цо.

Некхан уьнна а, куьйганна а чевнаш йинчу Усмаев Расулерчу хьолах хууш дац. ГIалгIайчохь хиллачу инцидентех лаьцна Нохчийчоьнан Iедалхоша еш комментарий яц.

Къинхьегаман а, социалан хьелаш кхиоран а министраллан куьйгакIеларчу бахархой мукъа ца хилийтаран Гуьмса кIоштарчу центран куьйгаллехь ву 32 шо долу Усмаев Расул. Цуьнан да - Усмаев Вахьит - вице-премьер а, мехкан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан секретариатан урхалхо а ву.

ГIалгIайчоьнна а, Нохчийчоьнна юкъахь дозанан конфликт кхин тIе а марсаелира кху гурахь. ГIалгIайн тайпанийн Кхеташоно бехкбаьккхира нохчийн Iедалхошкара дозанаш хийцарна, Кадыровс а, цуьнан гоно а жоп луш, кхерамаш тийсира дуьхьал ницкъ боккхур бу аьлла. Цул тIаьхьа Нохчийчохь долийра тIеман Iамораш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG