ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчоьне дIавала кхерам лаьттачу Мовлаев Мансура дIахьедина, шен гIуллакхан "йист йала герга ду" аьлла

Мовлаев Мансур
Мовлаев Мансур

Нохчийчохь шена тIехь гIело латтийначул тIаьхьа ведда, Казахстанехь лаьцна латточу Мовлаев Мансура видеохаам дIайазбина. Цо йуха а дIахьедина, ша Оьрсийчу дIахьажавахь йа вуьйр ву ша, йа Украинана дуьхьал тIамтIе вохуьйтур ву. Кху кIиранах дийца даьккхира, казахстанхойн Iедалхой къайлаха иза Оьрсийчоьне дIавала гIоьртинера аьлла.

Видео тIехь жимчу стага къамел до лаьна латточу набахтера. Цо дуьйцу, Алматарчу талламан изоляторехь ша латтош волу хIинца 19 бутт бу, йа Коьрта прокуратуро а, йа кхелаша а тидаме ца эцна, нагахь санна, экстрадици йахь, шена тIехь къизаллаш лело, йа кхел йоцуш вен кхерам хилар. ХIинца, Мовлаевна хетарехь, цуьнан гIуллакхан "йист йала" тарлуш ду. Цо карладаьккхира, жигархочух Тепсуркаев Саламанах хилларг, иштта дIахьедира, Нохчийчуьра набахтешкахь хIаллакбинчу "бIеннашкахь кIентех" лаьцна а.

Шинарин дийнахь "Оьрсийчоьнан тIамна дуьхьал" йолчу комитето" дIахьедира, Казахстанан Iедалхоша Мовлаев къайлах пачхьалкхера дIахьажон кечамаш болийна аьлла. Цул а хьалха пачхьалкхан Лакхарчу кхело дуьхьало йира цуьнан гIуллакх йуха талла, амма адвокаташна хIинца а официалехь деана жоп дац церан дехарна дуьхьал. ХIинца жимстаг Петропавловске дIавига везаш ву, ткъа цигара – Оьрсийчу.

"Тхо кхоьру, Казахстанан Iедалхоша Мовлаев дIаваларна, адвокаташка а, йа цуьнан гергарчу нахе хаам а ца беш, Iалашвала цунна цхьа а некъ ца буьтуш", - билгалдоккху "Оьрсийчоьнан тIамна дуьхьал йолчу комитето". Ишта цара билгалдоккху, нагахь санна цара и дахь, Нохчийчуьра вахархо дIаваларна бехкеболчу лаккхарчу даржхошна а, Коьрта прокуратурин куьйгаллина а, Лакхарчу кхелан суьдхошна а, йоллу кхелахойн инстанцешна а дуьхьал санкцеш йахийта къахьоьгур ду шаьш аьлла.

  • Гезгамашин-баттахь шозза ша шена тIе куьйгаш дахьа гIоьртира Мовлаев Мансур- цкъа хьалха талламан изоляторехь, шолгIа дарбан цIийнехь. 2025-чу шеран стигалкъекъа-баттера схьа дуьйна лаьцна латтош ву иза Оьрсийчоьнан дехарца. Меттигера Iедалхой лерина бу иза даймахка йухаверзон. Цул а хьалха Мовлаевс масех бутт баьккхира ГIиргIазойчохь лаьцна а. 3I шо долу Нохчийчуьра вахархочо дIахьедо, шена даймахка экстрадици йахь, кхел йоцуш хIаллаквийр ву ша бохуш. Цунна тховкIело стенна ца ло, йа кхечу кхоалгIачу пачхьалкхе дIа хIунда ца вохуьйту, листира тхан редакцино.
​
XS
SM
MD
LG