ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчуьра а, Дагестанера а схьабевлларш Интерполо лехамашкара дIабаьхна бакъоларъярхойн дехарца


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Интерполан комиссино дуьненаюкъарчу лехамашкара дIабаьхна шиъ Нохчийчуьра а, цхьаъ Дагестанера а схьабевлларш, Оьрсийчохь уьш низамехь йоцуш герзаца цхьанакхетарараллехь дакъа лацарна бехкебо, церан массеран а Евробертехь а, Великобританехьа а мухIажарийн статусаш ю. Дозанал арахьа болх беш йолу бакъоларъярхойн "Вайфонд" организацино бинера хьалхо Интерполе иштта кхайкхам.

Арзнаш чуделлачийн кхерамазалла ларъярхьама церан цIерш ца йоху.

"Цара Европехь итт гергга шерш даьхна, мухIажарийн статусаш а яра церан. Дуьненаюкъарчу а, къаьмнийн а низамашца а догIуш, йа Интерполо, йа кхечу организацино уьш дIабоьхуш йолчу агIоне дIабала йиш яц, церан ларваран статус хиларна, оцу тайпа кхерамазалла латтайо цо", - дийцина Кавказ.Реалиига "Вайфондехь".

Интерполан регламентан и пункташкахь бохург кхочуш ца дар дуьйцура латкъамехь, амма тIаьхьо уьш лехамашка баларан информаци дIаьяккхира.

  • Украинера тIом болабелчхьана сих-сиха хуьлу нохчашна дуьхьало еш, йа европхойн пачхьалкхаша депортаци йина меттигаш. Къилбаседа Кавказера схьабевлла, Оьрсийчоьнан паспорт долчу бахархоша кест-кеста латкъамаш бо къоман а, динан а билгалонашца шайца дискриминаци лелош хиларх румынхойн миграцин хьукмато. Бакъонашларъярхойн хаамашца, къаьсттина иза хьакхало нохчех: царна ян тарло депортаци, йа лаца тарло уьш, официалехь къайлахчу сервисийн лехамашкахь уьш бацахь а, Румынин доза транзитехь хадош хилча а.
  • Австрехь мухIажаран статус йолу Нохчийчуьра схьаваьлла стаг дIалаьцна Эстонехь, иза Оьрсийчоьно дIавехча, Интерполан системехула лехамашка велла ву. Цунах лаьцна яздо бакъоларъяран "Вайфонд" ассоциацино. Билгалдоккхуш ду, мухIажаран адвоката Австрин полицига кехат дахьийтина, цунна деллачу жоьпехь дийцина, нохчочунна дуьхьал дIахьош экстрадицин процессаш яц. И жоп мухIажарна харц кхетта, цунна моьттина, ша ерриг Интерполехула лоьхуш вац, аьлла. Шен балхаца Эстоне кхаьчна иза, тIаккха цигахь дIалаьцна.
  • 36 шо долу Нохчийчуьра Гериханова Амина лецира Зазадокху-беттан 13-чохь шен жимачу бераца Румыница долчу дозанехь Украинера араяла гIертачу хенахь. Оьрсийчоьнан дехарца Интерполон лехамашка еллера иза – мухIажар бехкейо Шеман дозана тIехь боьлхучу тIемашкахь дакъалацарна. Пхи шо гергга хьалха Нохчийчуьра дIаяхара Гериханова, цул тIаьхьа Киевехь ехира иза. Румынехь иза дIалецира, цуьнан кIант берийн цIийне хьажийра – тIаьхьо цуьнан гергарчу стага дIавигира иза цигара.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG