ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчуьра а, Таджикистанера а бахархошна хенаш йиттина Подмосковьехь летарна


Одинцово, гайтаман сурт

Москван кIоштарчу Одинцово гIалин кхело кхел кхайкхийна нохчийн диаспоран векална Ахъядов Аюбана а, Таджикстанан диаспоран векална Абдуллоев Бахтиерна а. Уьш бехкебо герз а лелош, харцахьа леларна.

Марсхьокху-беттан 6-чохь шозза латар хиллера Юкъерчу Азера а, Нохчийчуьра а мигранташна юкъахь, 40-60 стаг вара хIетахь вовшахкхеттарг. Герз лелийнера цара – масех тешо дIахьединера, шайна кхуьйсучу герзийн татанаш хазарх. Маса стаг лазийна ала ца хIоьттира бакъоларъяран органаш, "Хулиганалла" аьллачу Iедалан къепехь бехктакхаман гIуллакх долийра цара.

Дов хоттучу заманчохь Ахъядов Аюба дийцинера, шен гергарчу кIантана йеттар дара конфликтан бахьана - кхело бехкевечо цхьанакхета кхайкхинера леттачун гергарниг а, диаспорера шена бевзарш а.

Цхьанакхетар хиллера церан «Чайка» гаражан кооперативана гергахь. Ахъядовс дIахьедарехь, шолгIачу агIонера мел лахара а 30 стаг веанера цхьанакхетаре чхьонкаршца а, белашца а. Уьш дера буй хиъначу Ахъядов хIаваэ шозза травматикан герз кхоьсира, шух цхьаъ тIегIортахь, ша вуьйр ву аьлла, кхерам а тосуш. Цул тIаьхьа къамел дан волавеллера иза Абдуллоев Бахтиерца, Таджикистанан диаспоран векалца, ткъа гулбелларш оцу заманчохь лета буьйлабеллера.

Ахъядов Аюбана юкъарчу рожехь йолчу колонехь даккха цхьа шой ахшой кхайкхийна, колонехь такха ши шо тоьхна Абдуллоев Бахтиерна. Бисинчу декъашхойн нохчийн а, таджикийн а хьокъехь бехктакхаман гIуллакх къаьстина толлуш ду, царна тIехь кхел хIинца а хилаза ю.

Кавказан а, юккъерчу Азин а диаспорийн векалшна юкъахь девнаш кеста-кеста нислуш ду Оьрсийчоьнан яккхийчу гIаланашкахь. 2021-чу шеран Охан-баттахь а, Товбеца-баттахь а, Марсхьокху-баттахь а летта иттаннашкахь нах юкъахь а болуш Санкт-Петербургехь. Стохка Мангал-баттахь Мытищще гIалахь вовшахлеттера Нохчийчуьра а, Таджикистанера а бахархой, 2016-чу шарахь Москварчу Хованан кешнашкахь леттера, 2007-чу шарахь Москвахь леттера Нохчийчуьра а, Казахстанера а бахархой.

  • 2019-чу шеран Марсхьокху-баттахь Ставропольская а, Вишняковая а урамийн сонехь масех иттаннашкахь божарша герзаш диттинера. Йинчу чевнех дарбанан цIийнехь кхелхира 27 шо долу Дагестанера вахархо. ТIаьхьо дийца даьккхира оцу инцидентан пхи декъашхо лацарх.
  • Дагестанерчу шина вахархочух шеконаш ю, Москван кIоштарчу шайн вевзачу накъостаца цхьаьна Таджикистанера вахархочунна тIехь валлалц ницкъбарна. 2019-чу шархь Москварчу клубехь шайн махкахо верна иза бехке хетара царна. Хетарехь, чIир йоькхуш дина зулам ду иза. Цунах лаьцна хаамбо Брянскан кIоштарчу Оьрсийчоьнан Талламан комитетан урхалло.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG