ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчуьра бахархой бехкебина талораш дарна


Оьрсийчоьно аннекси йинчу украинхойн ГIирмера вахархочуьнгара 30 эзар америкахойн долларшкахь ахча даккхарна айдинчу бехкзуламан гIуллакха юкъавалийна Нохчийчуьра Дусмухамедов Руслан а, Арцунв Ахьмад а.

ГIирмерчу МВД-н талламан урхалло луьстучу гIулулакхан материлашкахь болчу хаамца, стигалкъекъа-беттан 25-чохь Арцуевс а, Дусмухамедовс а меттигерчу вахархочунна тIедожийра дуккха а ахча шайна далар. Мангал-беттан 9-чохь уьш лецира, Симферополера Киевскийн кхело лаьцна вуьтуш сацамбира, чохь витар гIадужу-батте дIадахдеш.

Бехкебечу Нохчийчуьрчу бахархойн адвокаташ гIоьртира уьш чохь буьтуш бина сацам ГIирмин Лакхарчу кхелехь къовса, Нохчийчоьнан регионерчу векало а, ТIехьа-Мартанарчу Керла Шарой кIоштан куьйгалхочо а царех лаьцна дийцина диканиг лерина цахилар билгалдоккхуш.

Бехкебечарна 15 шаре гергга чохь яккха хенаш йогIуш хилар а, СИЗО-хь вита новкъарлоен бахьанаш цахилар а тидаме эцна, кхело хийцаза битира дIасабовлар доьхкуш бина хилла сацам.

2013-чу шарахь Керла Шарой эвлара вахархо Арцуев Ахьмад Абдулаевич – цуьнан цIе ерриг а йогIуш ю бехкевечуьнца- Росфинмониторинго хIоттийначу террорхойн а, экстремистийн а тептаре ваьккхира, ткъа хIинца воцуш ву иза церан могIарехь.

  • Мангал-баттахь "Хьалхарчу каналан" журналисто Куксенкова Иринас хаамбира, украинхойн парамедикца Паевская Юлияца хийцарх Саидов Мурадан кIант Адам, цул тIаьхьа цуьнга телефон тоьхнера Нохчийчуьра зорбанан министро Дудаев Ахьмада, цо бехкейира журналист питанаш лелорна. ТIаьхьо информаци харцйира.
  • 2020-чу шеран марсхьокху-баттахь Оьрсийчоьно аннекси йинчу ГIирмехь лецира Нохчийчоьнан куьйгалхочун Ивановскан кIоштара векал Эдильсултанов Iийса. Хаамбора, курхаллаш лелорна а, тоьшаллаш хийцарна а иза шеконашка эцарх.

Коьрта теманаш

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG