ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчуьра бахархой нуьцкъаха Украине бигарх ларбала гIерта – бакъоларъярхой


Соьлжа-ГIала, Нохчийчоь
Соьлжа-ГIала, Нохчийчоь

Украине хьажорах кIелхьарбовла аьтто лоьхучу Нохчийчуьрчу бахархошкара аьрзнийн терахь алсам даларх лаьцна дIахьедира нохчийн бакъоларъяран "Вайфонд" ассоциацехь.

Организацин дIахьедарехь яздина ду, Оьрсийчуьра арабовлуш гIо дар доьхучу иттанашкахь республикерчу бахархошкара хаамех лаьцна, хIунда аьлча, Украине хьажон кечбеш бу уьш.

"Оцу наха бахарехь, тIеман, йа ницкъаллин хIоттамийн белхалой бац уьш, ур-атталла, заьIап хиларо а кIелхьара ца воккху Украине хьажорах", - тIечIагIдо "Вайфондехь". Ассоциацино билгалдоккху, Нохчийчуьра арабовларехь гIо дан шайн аьтто ца хилар.

Оцу тайпа хаамех лаьцна Кавказ.Реалиина еллачу интервьюхь "Вайфондан" цхьахйолчу кхоллархочо Садулаева Аминас дийцира: "Тхан номераш тIе наха яздо: "Орца довлийша, со хIинца тIаме хьажош ву, суна ца леа иза дан".

Нохчийчуьрчу Iедалхошна оппозицехь долчу телеграм-каналаша видео яржийра, махкара "шайн лаамехь" Украине боьлхурш новкъабохучуьра яьккхина – коврана тIаьхьахьоьжучу зударийн белхарш хеза цу тIехь. Гоне ерзийначу меттигехь лаьтташ бу уьш.

Кадыровн критикаша чIагIдо, меттигера бахархой бертаза тIамехь дакъа лаца хьежош бу, ницкъаллин структурийн белхахой боцурш, шаьш тIаьхьадевлла лела нах а цхьаьна. Иштта, Охан-беттан 9-хь меттигерчу пабликаша видео гIаръяьккхира, Турцехь вехачу блогеран Халитов Хьасанан ваша тIаме хьажош.

  • Нохчийчоьнан куьйгалхочо саццанза видеош гойту, тIаме меттигера "шайн лаамернаш" хьийсош, масийттазза кхайкхамбира цо конфликт марсаяккха аьлла, Путин Владимире дехарш а дира, цхьана дийнахь Украинан дуьхьал зарратан герз даккхар магийра.
  • Хьалхо Кадыровс дIахьедира, Гуьмсера центро хIора кIирнахь "дIахьажон кечбо 200 гергга шайн лаамехьберш", иштта билгалдоккху цо, буьйцурш шен декъехь кхечу регионашкара бахархой а хилар. Conflict Intelligence Team талламхойн тоба ккхоьллинчу Левиев Руслана Кавказ.Реалиина еллачу комментарехь билгалдаьккхира, Гуьмсерчу центрехь бина кечам буьззинчу барамехь бу ала йиш яц.
  • Охан-беттан чакхенехь Нохчийчохь гучуелира украинхойн Мелитополера лачкъийна йолу малхбузехь йина йолу масех миллион евро мах болу юьртбахаман техника. ТIаьхьо хиира, кадыровхойн оцу машенашка болх байта аьтто ца баьлла хилар, геннара царна блок тохарна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG