ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчуьра бахархой Украинерчу тIаме хьийсорна дуьхьал хилла Австрера жигархой


Соьлжа-ГIала, Нохчийчоь
Соьлжа-ГIала, Нохчийчоь

Австрерчу нохчийн диаспоран векалша пикеташ хIиттийна Венерчу Оьрсийчоьнан векалтна хьалха – Нохчийчуьра кегийрхой нуьцкъаха Украинерчу тIаме хьийсор сацаде, аьлла тIе а дожош.

"Оьрсийчоьнан Венерчу векалтна хьалха хIора дийнахь пикеташ хIиттор доладелла кегийрхой нуьцкъаха Украинерчу тIаме хьийсорна дуьхьал", - аьлла дIахьедина къобалъянзачу Ичкерин Австрерчу векало Дунаева Розас.

Австрера Нохчийчу депортаци йинчу нохчочун нана а яра пикетехь дакъа лоцуш (шен кхерамазалла ларъярхьама цIе ца яккхар дехна цо), Оьрсийчоьнан кара нохчий дIа ма ло, аьлла тIедожийна цо.

Австрерчу нохчийн диаспоран векалша иштта хаамбина, пикеташ йоцурш, шортта наха дакъа а лоцуш митинг ю дIакхайкхийна оцу проблемина тIехула.

  • Къилбаседа Кавказехь, Оьрсийчоьнан кхечу регионашкахь а Украинина дуьхьал тIом бечу эскархойн терахь дузадо къайлаха мобилизаци а йеш. Сих-сиха кхочу латкъамаш тIамера юхабаьхкинчу нахера, кхоччуш ахча схьа ца делла, тоьпан дилха санна, гIирс боцуш тIаме кхийсина, кхача ца латтийна, бохуш.
  • ТIеман декхарш дIадахьа божарий реза боцу Нохчийчуьра къен доьзалш пачхьалкхера догIучу даьхнийн гIонах дIахедабе, аьлла тIедожийна республикан куьйгалхочо. Цунах лаьцна Кадыров Рамзана дIахьедина, Нохчийн парламентан куьйгалхо висхиллачул тIаьхьа. Кадыровхойн керлачу полке дIабазбала къечу доьзалшкара божарий дуьхьал хиларх дIахьедина цо.
  • Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан администрацино низаман проект кечйина, "арме кхойкхучу комиссин коьрта а, резервехь долчу а декъана" гуьйранна мобилизаци йеш. ТIекхойкхур болуш бу I995-2004-чуй шерашкара бахархой, аьлла ду 24 агIонех лаьттачу документа тIехь (Кавказ.Реалиин редакцихь ду и). Нохчийчуьра зорбанан министро дIахьедира, Украинерчу хьолаца "цхьана а агIор доьзна дац тIекхайкхар" - хIора шарахь планехь хуьлуш йолу мобилизаци ю хIара. "Цуьнца доьзна и делахь а, вайна хIуммаъ вониг ца го цуьнца",- тIетуьйхира министро.
  • Ростовн махкарчу гIаланашкахь яккхийра баннераш гучуевлла "ЧВК Вагнера" реклама а йолуш – зорбанаша яздарехь, долара тIеман кампани "повар Путина" цIарца вевзаш волчу бизнесхочуьнца Пригожин Евгенийца йоьзна ю. Оьрсийчоьнан низамашца долара тIеман кампанеш магийна яц.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG