ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчуьра бусулбанаша динчу аьрзнаш тIехула Киркоровн Ставрополера концерт юкъахъяьккхина


Киркоров Филипп

Мангал-беттан 19-чохь Ставрополан кIоштахь Пятигорскерчу цхьахйолчу концертан хIусамехь Киркоров Филиппан хила еза концерт юкъахъяьккхина. ГIишлон долахочо и сацам боьзна "Оьрсийчоьнан культурин рекомендацица" а, Пятигорскан администрацин, бахархойн дехарца а, иштта "РПЦ-на хетачуьнца" а, яздо Кавказ.Реалиино.

Реза цахиларан бахьана хIоьттина артистан цхьахйолу номер, илли дIаолучу заманчохь Киркоровс жIарана тIе а хIуттий, цигара дIаолу «Мария Магдалена» иллин цхьа дакъа.

"Делах тешачара тхоьга яздина: "Тхан мехаллаш сийдоцчу яха мегар дац". Христианаша яздина ца Iаш, буддисташа а, бусулбанаша а яздина тхоьга. Нах сийсазбойла дац тхан", - даладо концертан хIусаман долахочо, Къилбаседа-Кавказан филармонин коьртачу директоран Бережная Светланин дешнаш «Комсомольская правда» газето.

"Тхан цIа – Соьлжа-ГIала" боламан хьалханчас Гучигов Сайпуддис дIахьедина Mash телеграм-канале, Киркоровн илли алар «христианийн символна тIехь» кхардар ду.

"Делах тешачарна хетачунна тIехь кхардамаш лелабаро, карзахдоху тхо. Цхьана Киркоров Филиппа дина а ца Iа и. Вайн шоу-бизнесехь лело даьккхина хIума ду",- элира Гучиговс.

Иштта цо тIетоьхна, кхечу бусулбанашца цхьаьна ша Ставрополан кIоштан губернаторе а, культурин министралле а кехаташ дахьийтина, Кавказехь артистан концерташ кхин ма хилийта аьлла.

Гучиговс бахарехь, христианашна тIехIоттаран бахьана ду, Мухьаммад Пайхамарна карикатураш зорбане яьхначул тIаьхьа, православин юкъаралло бусулбанашкахьа гIо даккхар.

Филармонин директоро Бережнаяс иштта билгалдаьккхина, 1,7 эзар стаг чутарлучу гIишло чу Киркоровн концерте 225 билет бен доьхкина дац аьлла.

Пятигорскехь концерт юкъахъяккхарх хиъначул тIаьхьа, Киркоровс билгалдаьккхина, "Аллехьа а, Максимехьа а гIо доккхуш, дешнаш аллалц, цхьаьннан а бала бацара жIараца", яздо «Блокнот» гIирсо. Юьйцург ю, Пугачева Аллех а, цуьнан хIусамдех Галкин Максимах а лаьцна Russia Today телеканалан директор Симоньян Маргарита шога йистхиллачул тIаьхьа цаьргахьа гIо доккхуш, цо дIаязйина видео.

Кремлан хIусамчохь Стигалкъекъа-баттахь хIоттийначу шоухь Киркоровс бехк цабиллар дийхира, жIари тIехь ша хелхар дарна. Цо билгалдаьккхира, кхелхинчу шен нанна лерина хилар илли, иштта аьлла, Делах тешарш аьшнашбан дагахь вацара ша, «сийдоу маьIна» дацара ша номера юкъа диллинарг.

  • Юкъараллин жигархоша тIедожийна Къилбаседа-ХIирйичохь талламбар, Соскиев Владимиран кхоллараллехь делах тешарш аьшнашбар дуй хьажа аьлла.
  • 2019-чу шарахь Дагестанан муфтиято дехар дира, Делах тешачарна хетарг тергоне а эций, регионехь тIеэцначу гIиллакх-оьздангаллица йогIу цензура спектаклашкахь юкъаяккха аьлла. Цул хьалха UFC-н латархочо Нурмагомедов Хьабиба критика йира «Божарий таллар» спектакльна, «порнуха» яра аьлла, кхайкхамбира и хIоттийначаьрга бахархой къинтIера баха аьлла.

Хьажа комменташка

Коьрта теманаш

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG