ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчуьра эскархочун Бисултанов Адаман кхалхарх лаьцна хаамбина Росгвардино


"Азовсталь" завод, 2022-чу шеран Стигалкъекъа-беттан 16-гIа де
"Азовсталь" завод, 2022-чу шеран Стигалкъекъа-беттан 16-гIа де

Нохчийчуьра вахархо, сержант Бисултанов Апти Украинерчу тIамехь вийна. ЧIагIдо, арахьарчу йолахойн тобано иза вийна хилар.

Стигалкъекъа-беттан 26-хь тийсдаларшкахь эскархой ларбаран декхарш кхочушдеш хилла Бисултановс, амма цуьнан гIагIдиллина техникана тохар дича, дахарца йогIуш йоцу чевнаш йира эскархочунна, дуьйцу "Медузано" Росгвардин пресс-сервисна тIе а тевжаш.

"ТIаьхьо гучудаьлла ма-хиллара, Росгвардин тобанаша Великобританера а, Америкера а эскархошца тIом беш хилла. Стигалкъекъа-беттан 28-хь оцу тийсдаларийн видео гучуелира, иштта The Daily Telegraph зорбано артикл а арахийцира. GoPro камеро лецира, йолахойн тобанан цхьахволчу эскархочун – Великобританин парламентан декъашхочун кIантан – Грант Бенан тIелатар", - дуьйцу хьукматан пресс-хаамехь.

Бисултанов Адам вина Нохчийчоьнан Теркан кIоштан Iелин-Юьртахь. 2012-чу шарахь дуьйна къоман гвардин эскаршкахь контрактан декхарш кхочушдина цо, Чиллан-беттан 24-хь дуьйна Украинерчу тIамехь дакъа а лаьцна. Куьйгалло веллачул тIаьхьа Бисултанов Доьналлин мидалан совгIате кхачор хьехна.

Стигалкъекъа-беттан 29-хь Оьрсийчоьнан Талламан комитето дIахьедира, Грант Бен йолахо хиларна, цунна дуьхьал таллам болийна аьлла.

  • Де хьалха Нохчийчуьрчу Веданан кIоштара Дишни-Веданахь дIавоьллина меттигера ши вахархо, Украинана дуьхьал бечу тIамехь вийна волу. Дебишев Казбек а, Мурадов Аслудди а ву и шиъ.
  • Baza телеграм-канало дийцина, Мангал-беттан 1-чохь Украинехь веллачу Кадыровн цIарахчу лерринчу полкан 4-чу батальонан куьйгалхочух Димаев Заурах. Димаев воцург а, вийна кхин а нохчийн полицин кхо белхахо, чевнаш йина веанна. Церан цIераш Кавказ.Реалиина цкъачунна къаьстина яц.
  • Зазадоккху-беттан 1-хь республикан куьйгалхочо Кадыров Рамзана тIелецира шина стеган кхалхар: Тарамов Iабдулбекан а, Исаев Тимирланан а. Охан-беттан 7-чохь "Чечня Сегодня" агенталло яздира, регионера кхин а ворхI бIаьхочун кхалхарх. Кавказ.Реалиин хьосто бинчу хаамца, Украинерчу тIамехь вийна Нохчийчуьра 60 вахархо. Бакъоларъярхоша дийцира, регионера байъиначийн терахь 120 сов хилар.
  • Украинан тIеман министраллан талламан коьртачу урхалло хьалха дIахьедира, Нохчийчуьра дIахьийсийна оьсийн лаамхой шайх олучарах 100 стаг вийна хиларх.
  • Карарчу хенехь Кавказ.Реалиина хууш ю, Украинехь веллачу Къилбан а, Къилбаседа Кавказан а бахархойх 584 эскархочун ц1ерш. Зорбанашкарчу информацина а, Iедалан дIахьедаршна а, тхан хьостанашна тIе а тевжаш хIоттийна бу и хаамаш. Баккъала а долу эшамаш кхин а дукха хила тарло.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG