ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчуьра эскархоша  12 млн соьмана къоланаш дина


Нохчийчуьра эскархой, гайтаман сурт
Нохчийчуьра эскархой, гайтаман сурт

Нохчийчуьра эскархоша тIеман база хьош, 12,6 млн соьмана къола дина махкахь куп тоьхначу цхьахдолчу тIеман декъехь. Цу гIуллакхехь жоьпе озийнарш бара: бедарийн хьулмин хьаькам Попов Ивана а, салтийн барзакъ латточу белхан сервисан куьйгалхо Кротиков Петра а. Соьлжа-гIалан гарнизонан тIеман кхело йукъарчу рожехь даккха цхьа 1,5 шо, 2 шо хенаш туьйхира царна.

Талламхоша дийцарехь, 2021-чу шеран гIуран-баттахь дуьйна 2022-чу шеран мангалан-беттан 23-чу дийне кхаччалц Попов шена дIадахьа хIума вовшахтухуш хилла- герз а, тIеман бедарш а. Цхьа а тайпа новкъарло йоцуш и дерриге хIума базан кертара арадоккхуш хилла. Ткъа Кротиков - цунна гIодеш.

Эскархойн машенашкахь кех мел даьккхинарг церан кхечу накъосташа - къолахойн тобано доьхкина, боху талламо.

Хилла зе 12,6 млн р. эскархоша меттахIоттийна аьлла ду кхелан сацамашкахь. Бехкечарна хенаш тоьхна, амма цкъачунна уьш чубоьхкина бац. Кхелехь шайн къовса таро а йу церан.

Краснодаран гарнизонан тIеман кхело бехке лерира эскархо Николай Пивоваров. Авиабомбанна оьшу 5 детонатор йухкуш дIалаьцна ву иза. Набахтехь йаккха 3,5 шо хан а тоьхна цунна.

Ростовера къилбехьарчу кIоштан тIеман кхело Толстов Никитина луьрачу рожехь йаккха 8 шо хан кхайкхира. Герз лачкъош, оьцуш, лелош, духкуш гучуваларна.

Ростовера къилбехьарчу кIоштан тIеман кхелотеллира йолахочун Фоменко Егоран гIуллакх. Иза а бехке лерира - тIеман герз эцарехь а, леладарехь а. Эскархочо и герз Украинера деана аьлла билгалдаьккина ду цуьнан гIуллакхехь. Набахтехь йаккха 2 шо, 7 бутт хан тухуш, чувоьллира и.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG