43 шо долчу Узбекистанан вахархочо Самарин Алексейс Нохчийчуьра белхан йийсараллехь кхо шо гергга хан йаьккхина - цу хеначохь цунна алапа ца делла, сих-сиха йетташ хилла. Самаринан дийцар стигалкъекъа-беттан 25-хь гIарадаьккхира "Альтернатива" боламо. Цу боламан волонтеро йийсарера маьршавоккхуш цунна гIо а дира.
Вацош хиллачо дийцарца, 2020-чу шарахь ша ФСБ-н белхало ву аьлла вистхиллачу Устинов Александра элира цуьнга, Ноьвран кIоштахь даьхни лелочу фермехь бан болх бу. Баттахь 10 эзар сом алапа хир ду, оьшург дерриге латтор ду аьлла дош делира цунна. Самарина бахарехь, ахча цунна цкъа а делла дацара, йуург дедда-йукъа бен ца лора. Баттахь шозза шен цIерачаьрца телефонехула, дуьйцург шайна хезаш долуш, къамел дойтура.
"Iуьйкъехь диъ даьлча гIатта везаш хуьлура. Цомгуш велахь а, арахь муьлхха хенан хIоттам белахь а. Мaлх чубуьзначул тIаьха бен дIавижа ца мегара",- далхадо Самарин Алексейс шен белхан хьелаш. ТIаьххьара а, шен йишига шегахь долу хьал-де хаийта аьтто белира шен, цо "Альтернатива" боламе хаийтира, аьлла дийцира цо. Иза ведда дIавахначул тIаьхьа, хьалхо иза балха валош зIеневаьллачу Александра "Оьрсийчохь Iойла-м хир дац хьан" бохуш, йухаверзар хьоьхуш, кхерамаш тийсира цунна.
Кавказ.Реалии корреспондентаца хиллачу къамелехь "Альтернатива" тобанан координаторо Никитин Алексейс билгалдаьккхира, и тайпа белхалой, дукхахьолахь, шаьш лачкъийна масех бутт баьлча бовда хьовсу, цундела Самаринан йийсараллин кхо шо ду - шатайпа хIума.
"Алексейн гIуллакхехь чолхе дерг цуьнан Оьрсийчохь цхьа а официалера статус цахилар дара, ур-атталла Узбекистанера паспорт цхьаьна хан дIаьлла дара. Нохчийн ницкъахоша дозанехь саца а вина, депортан куьпехь иза витарна сагатдеш дара тхо. Йуха экстрадици йийр йара, ткъа иза масех баттачохь хьелуш хIума ду", -дийцира Никитина.
ФСБ-урхаллера белхалочун Самаринца зIе хилар дийца девлча, къамелахочо олу - вукхо шен белхан кехат Самаринна гайтина дац. Амма йоллучу пачхьалкхехула Томскера Нохчийчу кхаччалц, ГИБДД белхалошна цхьа паспорт гойтуш валийна цо иза. Цо дийцарехь, дукхахьолахь, цу кепарчу хиламашкахь ницкъахоша шайна цахууш санна кеп йой, шаьш "бехке доцуш", санна йуьстаха бовлий, бевдда йийсархой лохучарна уьш йухаберзон гIо до.
- "Альтернатива" боламан итт шо кхочу кху шарахь. Цу хеначохь цо йийсарера маьршаваьккхина эзар сов стаг. "Альтернатива" боламан Дагестанерчу координаторо Исмаилов Закира Кавказ.Реалии сайте дийцира карарчу хенахь республикехь долчу хьолах.
- 2020-чу шеран аьхка "Альтернатива" боламан жигархоша шен цIаверзийра Украинин махкахо Грищенко Геннадий. Кхарача-Чергазийчохь белхан фермехь диъ шо даьккхинера цо.
- 2021-чу шеран дечкен-баттахь оьрсийн "Альтернатива" боламан волонтераша гIо дира Самара гIаларчу доьзална, зудчунна, цIийндена. Дагестанерчу белхан йийсараллера арабовлуш. Ставрополь-махка болх лаха боьлхуш, кхаьчнера уьш цига.