ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчуьра гей Арсамиков дIахеца аьлла кхайкхамбина Европарламентан депутаташа


Арсамиков Идрис
Арсамиков Идрис

Европан праламентан LGBTI Intergroup форуман декъашхоша кхайкхамбина Нохчийчоьнан Iедалхошка, республикера ведда Арсамиков Идрис маьршаваккха аьлла. Шен хаамехь политикаша билгалдоккху, даймахкахь иза вен мега, цуьнан ориентаци бахьана долуш аьлла. Къаьсттина сагатдойту, Европарламентан декъашхошна хетарехь, Iаткъам бина "зуламна мукIарло деш" дIайазйинчу видеоно.

"Нах лецар, сецор, ницкъбар – Оьрсийчоьнан гIирсийн арсеналехь лелош хIума ду. Оха кхайкхамбо, маса маьршаваккха Идрис, шена кхерамзе йолчу меттиге юхаван цуьнан таро хилийта", - аьллачу Европарламентан депутатан Бьорка Малинин дешнаш далийна организацин сайто.

Европарламентан штатехь воцчу декъашхочо Массима Фабиос бахарехь, депутаташ лерина бу ЕС-н институташка бовла, и хаттар уггар коьртаниг а дина листа аьлла. Цо кхайкхамбина Iедале, муьлхха а дипломатин каналех пайда а эций, "Идрис дIахецийта" аьлла.

Иштта шен твиттерерчу агIонехь Арсамиковн хьолана саготта хилар хаийтина Францин ЛГБТ-нехан бакъонашкахула волчу векало Бертон Жан-Марка. "Цуьнан кхерамзалла а, коьрта бакъонаш а лара аьлла, кхайкхамбо Франицно", - йаздина цо.

Чиллан-беттан 15-чу буса Домодедово аэропортехь лаьцна Арсамиков Идрис нохчийн полисхойн каравелира, цара стенга вуьгу а ца дуьйцуш, къайлаваьккхина иза. Шо хьалха шен ден тезета веанера Арсамиков. Цул хьалха Нохчийчохь лаьцнера иза борша стагаца уьйр хилла аьлла, шега Iазапаш хьегийтича, дIаваханера иза Нидерландашка. Нохчийн ницкъахоша схьадаьхнера цуьнгара доллу кехаташ, иштта Нидерландашкахь делла документаш а.

  • Нохчийчохь масийттазза тIехь ницкъбинера цунна. Бакъонашларйархоша билгалдоккху, Нохчийчохь вен кхерам лаьтта Арсамиковна бохуш.
  • Арсамиков лаца ориентировка йелларг Шелковскан кIоштан полицин декъан куьйгалхо Геремеев Рустам ву, 2015-чу шарахь лехамашка велла, оппозицин политик Немцов Борис вер вовшахтоьхнарг ву бохучу Геремеев Русланан ваша.
  • Чиллан-беттан 17-чохь Шелковскан кIоштахула йолчу ОМВД-н белхахоша шайн гIишло чу ца битира, лаьцна Арсамиков ган лууш баьхкина адвокаташ, ца йелира царна цунах лаьцна цхьана а кепара информаци.
  • Иштта чиллан-беттан 17-чохь Арсамиков Идриса ши видео арахийцира – цу тIехь шена Iаткъам бича вистхуьлу иза бакъоларйархошка, церан гIо ца оьшу а олуш. "Тхан шеконаш ю, и видео бертаза дIайазйайтина аьлла: риторикано а, дешнаша а, хьалха хиллачо а, оцу кепарчу хиламаша а гойту, йоккха гIовгIа иккхина дела цуьнга и видео нуьцкъаша йазйайтина аьлла", - дийцина оцу видеох лаьцна CK SOS кризисан тобано.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG