ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчуьра хьал толлу  францхойн эксперт Винатье Лоран Москвахь лаьцна


Оьрсийчоьнан тIеман гIуллакхех лаьцна хаамаш гулбеш хилла аьллачу шеконашца Москвахь лаьцна Францин вахархо, йаздо Свобода Радион оьрсийн сервисо. Цунах лаьцна йеарин дийнахь хаамбина Талламан комитето, иза лоцуш йаьккхина видео йаржош.

Урхалло ца йоккху лаьцначун цIе. РЕНТ ТВ канало шайн хьасташна тIетевжина чIагIдо, 48 шо долу Винатье Лоран ву иза бохуш. Изза йуьззина цIе йу политологан, Женевехь куп тоьхначу гуманитаран Центран белхахочун а. Оьрсийчоьнна, Нохчийчоьнна, Кавказана, Йуккъерчу Азина а тIехь талламаш беш, цигара хьал зуьйш вара иза, цхьа могIа книгаш, артиклаш йазйина цо Нохчийчоьнах лаьцна. Талламан комитетан видео тIехь – изза стаг ву, Винатьен суьрта тIехь верриг, тешна ву Свобода Радион оьрсийн сервисан корреспондент а.

Талламан комитето чIагIдо, лаьцнарг декхаре вара ша "арахьара агент" ву аьлла хоуьйтуш, кехаташ чудала, амма цо и ца дина, цу тIе "леррина цхьана Iалашонашца хаамаш гулбеш хилла Оьрсийчоьнан тIеман а, тIеман-техникан а балхах лаьцна". Оьрсийчоьнан низамашца и зулам лоруш ду, шпионаж лелор санна деза лоруш дацахь а. Кхин цунах лаьцна хууш хIума дац. Францин Оьрсийчуьра векалто комментарий йина йац иза лацарх лаьцна.

Карарчу хенахь Оьрсийчоьнан а, Францин а йукъаметтигаш гIоьртина йу – уггар а хьалха Украинера тIамаца доьзна. Оьрсийчоьнан Iедалхойн векалша шога реакци йира Францин президентан Макрон Эммануэла Украине хьовсон тарло НАТО-н эскархой, доккхачу декъана, францхойн аьлла, динчу дIахьедарна.

Йеарин Iуьйранна дийцадаьккхира, Францихь теракт кечйеш хилла аьлла Донбассехь Украинан а, Оьрсийчоьнан а паспорташ долу вахархо лаьцна аьлла. Францин чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин чоьхьарчу кхарамзаллин Коьртачу Урхаллин белхахоша лецира 26 шо долчу жимстаг, хетарехь, хьешан хIусамехь оьккхуьутург кечйечу заманчохь иккхина волу. Дикка вагийна иза дарбанан цIийне охьавиллина.

Le Journal du Dimanche хьастан хаамашца Донбассера вахархо бехкево лоьлхуьйтурш кечйина, Францино Украине хьежон тIеман гIирсана дуьхьал уьш лелхийта Iалашо хиларна.

Францхойн къайлаха сервисаш а, бакъоларйаран органаш а лаккхара кечамаш бина Iаш йу Парижехь Олимпикан ловзарш дIадахьа хьийзачу йукъанна, ши бут ца кхоччуш хан йисина уьш хIиттон.

Кху кIиранах Францихь ишта барамаш бу дIахьош йукъархой Нормандихь охьабиссина 80 шо кхачарна лерина, цигахь дакъалоцуш ву украинхойн лидер Зеленский Владимир а, Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн президент Джо Байден а.

Цунах терачу артиклаца стохка гурахь бехкаш дехкира Свобода Радион журналистана Курмашева Алсуна, Казанера талламан изоляторехь латтош йу иза. Францхойн вахархо а санна, иза а бехкейо, ша "арахьара агент" хиларх Iедалхошка дIа ца хаийтарна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG