ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчуьра Iедалхоша 14 млн соьманна "Ахмат Арена" ларъяран тендер ю тIехьарчу терахьца дIахьош


Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан "Ахмат Аренехь"
Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан "Ахмат Аренехь"

Кадыров Ахьмадан цIарах йолчу спортан комплексо ("Ахмат Арена") 14 млн соьманна стадион ларъяран гIуллакхаш даран тендер хIоттийна. Билгалдаккха догIу, схьаэцар гIардаьккхина Зазадоккху-баттахь, ткъа бехкамашца а догIуш, стадион ларъяр долон дезаш дара кхоъ бутт хьалха.

Тендеран техническан тIедилларехь дуьйцуш ду, 2022-чу шеран Дечкен-беттан 1-хь дуьйна ГIадужу-беттан 31 кхачалц "Ахмат Арена" ларъян дезарг ву 40 хадархо. Иштта дуьстича цхьанна хадархочун юккъера алапа баттахь 35 эзар соьме ца кхоччуш хуьлу. Тендерехула сацам билгалбер бу Охан-беттан 14-хь.

Доккхачу декъанна оцу тайпа конкурсашкахь толамаш доху ведомствехь доцу Оьрсийчоьнан Къоман гвардин эскарийн хадархойн урхаллашкахь. Иштта, 2021-чу шеран чакхенехь Нохчийчоьнан Талламан комитетан урхаллин гIишлош ларъяран 20 млн соьманна йолчу тендерехь Росгварди туьйлира. 2021-чу шеран бIаьста "Ахмат Арена" ларъяран эцаршкахь иштта туьйлира ведомствехь йоцу хадархойн урхалла – оцу хенахь стадионо бархI баттахь 9 миллион сом делира.

  • Кадыров Ахьмадан цIарахчу Соьлжа-ГIалара спортан комплексо стадионерчу официалан мероприятешкара вип-меттигашкахь кхача латторан тендер хIоттийна. Безачу хьешашна ресторанан гIуллакхдарна бюджетера кхоъ а, ах сов миллион сом хьажон кийча бу. Меню юкъа йогIуш ю, масала, кIезга туьха тесна цIен чIара картолаца цхьаьна, бежанан жижгах а, хIоэх а кечбина кхачанаш, бецашца, тIоца а, гIаймакхан эспусмаца, мерза бурчаца бежанан жижгах йина кегийра рулеташ а.
  • Къилбаседа хIирийчоьно а, Нохчийчоьно а тIаьххьарчул хьалхарниг а, тIаьххьарниг а меттигаш ехира "эцарийн цIена хиларан Националан рейтингехь". Шинне а республикана пачхьалкхан схьаэцарийн процедурин цIена хиларехула "лахара" рейтинг ю пхеа хила йиш йолучарна юккъехь, аьлла мах хадийна, дуьйцу сайтан проектехь. Дахначу шарахь Къилбаседа ХIирийчоьно рейтингехь 78-гIа меттиг баьккхинера. Нохчийчоь тIаьххьара яра шо хьалха а.
  • Къилбаседа ХIирийчоьнан урхалла а, куьйгалхо Меняйло Сергей а ларварехула йолчу тендерехь дакъа ца лаьцна цхьанна компанино – Iедалхойн юха а хIоттон йийзира конкурс. 19,8 млн соьманна йолчу тендерехь билгалдаьхна Владикавказера Маршонан майданехь йолчу урхаллин гIишлонна чуьрчу хадархойн постанашна тIедахкарш – цигахь хила еза шишша йолу герзаца саццанза болх бен ши пост а, цхьаъ дийнахь болх бийриг а. Иштта делахь а, Къилбаседа ХIирийчоьнан куьйгалхо Стигалкъекъа-баттера ГIуран-батте кхачалц ларван езарг шишша йолу саццанза болх беш йолу цхьаъ пост ю.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG