ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчуьра Iедалхой реза ца хилла Кадыровн критикех лаьцна кхин дIа комментариш йан


Нохчийчоьнан хаамийн министр а, республикан куьйгалхо Кадыров Рамзан а
Нохчийчоьнан хаамийн министр а, республикан куьйгалхо Кадыров Рамзан а

Нохчийчуьра Iедалхоша хIинцачул тIаьхьа комментариш йийра яц махкал арахьа бехачу республикан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан критикийн дIахьедаршна тIехула. Цуьнах лаьцна шога дIахьедар дина регионан хаамийн министра Дудаев Ахьмада. Билггал цIерш а ца йохуш, цо юьхьяьхна хьенехан, цо ша ма-аллара, “питанчийн” - дуьххьара нохчийн, ткъа юха оьрсийн маттахь а къамел деш.

“Буьйцурш бу масех цIий цIена доцу, доьналла доцу дIакъаьстинарш, тайп-тайпанчу дозанал арахьарчу мехкашкахь дIа а тарбелла, эвляъашна, устазашна а луьйш, шайн гергарчеран, Нохчийчохь деха массо къаьмнийн а юьхьйохуш, Кадыровн командан декъашхошна луьйш лела питанчаш бу буьйцурш, царна гIо деш хьийза “можа пресса” а”, - дIахьедина Дудаевс шен видеокхайкхамехь.

Цо бахарехь, Кадыровн командан декъашхой кхин “дагахь бац комментариш йан а, къомо дIатесначу оцу нехан бухбоцу къамелашна жоьпаш дала а”.

“Гергарчара, юьртахоша, тайперчу наха уьш къотIалгIа бина хилар тIечIагIдина, вайн ма-гарра, дерриг нохчийн къомо билггала элира шена хетарг (хетарехь, юьйцург ю Соьлжа-ГIалахь хилла митинг – ред.), къомо элира дуьззина дош, уьш шайн схьабоьвлла бух боцу, къотIалгIа йина, сийдоцу питанчаш хилар билгалдоккхуш. Иштта боху журналисташка: доьху, Кадыровн командан декъашхошца зIене довла ма гIерта, цара дуьйцучун хьокъехь комментариш а йоьхуш, оцу масех деса кIезанаша дуьйцучун хьокъехь”, - дIахьедина Дудаевс.

Цо тIетоьхна, дозанал арахьа бехаш ах миллион сов нохчий бу, царах бIе эзарнаш хIора шарахь Нохчийчу богIу, ткъа “царна хаьа шай къам мичахь ду, къоман хьалханча мила ву, шайн республика мичахь ю а, оцу, ма-дарра аьлча, масех питанчашца церан юкъара цхьа а хIума дац”.

  • Нохчийчоьнан куьйгалхочо а, цуьнан гонара наха а Чиллан-беттан 4-хь дуьйна гуш-хезаш нохчийн бакъоларъярхочун Янгулбаев Абубакаран фамили ца йоккху, цуьнан нана нуьцкъаха Нижний Новгородера ядийна Нохчийчу дIайигира, тIаьхьо полисхочунна тIелетта, аьлла бехке а йина цунна арест йира. Кадыровс а, цуьнан гонара наха ЯнгулбаевгIарна биллина кхерамаш тийсира, ткъа Соьлжа-ГIалахь царна дуьхьал митинг хIоттийра, хаамийн гIирсаша бахарехь, цига схьагулбинера бюджетан белхалой. Кремл реза ца хилира оцу гIуллакхна юкъа гIорта, амма регионан куьйгалхо Оьрчийчоьнан президентаца Чиллан-беттан 3-хь цхьанакхеттачул тIаьхьа Кадыров Рамзан а, цуьнан гонера нах а ца хIутту ЯнгулбаевгIеран цIераш яха.
  • Чиллан-беттан 7-хь оьрсийн оппозицин политика Яшин Ильяс онлайн-петици хIоттийра президентана Путин Владимирна Кадыров Рамзан шен даржах вохор тIе а дожош. Цхьана дийнахь петицина бух вазвелла 100 эзар сов Change.org платформан пайдаэцархой. Кремлехь дIахьедира, шайна иза дош ца хета, аьлла. Хьалххо журналисташна а, бакъоларъярхошна а нохчийн Iедалхоша тийсина кхерамаш талла аьлла тIедожийра “Новая газетас”, журналистийн а, хаамийн гIирсийн белхалойн а Профсоюза а. Церан кхайкхамаш жоп доцуш диссира.
  • Окху деношкахь нохчийчоьнан хаамийн министра Дудаев Ахьмада дIахьедира регионехь бехачу блогерийн “республикана а, къомана а хьалха декхарш хилар”. Шен инстаграмерчу кхайкхамехь цо билгалдаьккхира, луург ду Iедалхоша тайп-тайпана тIегIанашкахь до гIуллакхех лаьцна дийцар – спортера бизнесе кхаччалц. Хьаькамна хетарехь, шайн социалан машанашкара агIонаш “хьалхатоьттуш” лелачу меттигера блогераш пайда оьцу Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан а, цуьнан гонерчу нехан а къинхьегамех.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG