Оьрсийчуьра эмиграци йина болу иттанаш Нохчийчуьра бахархой дIалецна Хорватехь. ТховкIело йоьхуш дина аьрзнаш юхаэца декхаре бо уьш, дийцина Кавказ.Реалиига "Европерчу нохчийн Ассамблейхь".
"Хетарехь 50 гергга стаг дIалаьцна. Балканашкахула Оьрсийчуьра эмиграци а йина, Хорвате кхаьчна болу нохчий бу уьш. Амма, суна бевзачу хаамашца, оцу пачхьалкхехь бисса дагахь бац уьш, цигахула шайн Европерчу гергарчу нахах кхета дагахь бу. Нохчийн йоккха диаспора йац Хорватехь", - дийцина Кавказ.Реалиига "Европерчу нохчийн Ассамблейн" векало Дадуев Iийсас.
Бакъо а йолуш Европехь вехаш воллушехь, Хорвате вогIучу юкъанна цуьнан кехаташ еххачу хенахь, дуьйцуш бахьана а доцуш, теллинера низамхоша, делахь а, билгалдаьккхина къамелдечо, пачхьалкхе чу ца вита бух ца карийра царна.
Хорватехь дIалецна нохчий экстремизм лелорна бехке буй хьожуш талламех чекхбоху, депортацин лагерехь латтабо уьш.
"Цаьрца вон хилла ца Iа. Сийсазбарал, кхерамаш тийсаралал совнаха, царна ницкъбо. Гергарчаьрца, адвокаташца зIене бовла аьтто ца ло, тховкIело йоьхуш чуделла аьрзнаш юхаэцар тIедожош чIогIа Iаткъамбо, тIаккха депортаци йо. Церан кехатна куьйг а йаздина, тIаккха депортаци йина йиъ меттиг йевза тхуна хIинцле а. Нохчийчохь хилча санна бакъонаш лар ца йечу хьолехь нисбелла мигранташ", - тIетоьхна спикеро.
"Европерчу нохчийн Ассамблея" Хорватерчу адвокаташца зIене йаьлла, аьтто хилахь, лаьцначу нохчашна юридикан гIодан хьожур ю иза.
Иммиграцин, бахархойн, административан гIуллакхийн а Урхаллера комментари йаккха гIоьртира Кавказ.Реалиин редакци. Корреспонденто шен цIе яьккхича, секретара кхечуьнца зIе дехьайаьккхира, амма цхьамма а жоп ца делира. ХIара хаам арахоьцучу юкъанна Хорватин низамхойн официалерчу сайташкахь цхьа а комментареш йац, йа Нохчийчуьра мигранташ дIалецаран хьокъехь кхетораш дац.
- Украинера тIом болабелчхьана сих-сиха хуьлу нохчашна дуьхьало еш, йа европхойн пачхьалкхаша депортаци йина меттигаш. Къилбаседа Кавказера схьабевлла, Оьрсийчоьнан паспорт долчу бахархоша кест-кеста латкъамаш бо къоман а, динан а билгалонашца шайца дискриминаци лелош хиларх румынхойн миграцин хьукмато. Бакъонашларйархойн хаамашца, къаьсттина иза нохчех хьакхало: царна йан тарло депортаци, йа лаца тарло уьш, официалехь къайлахчу сервисийн лехамашкахь уьш бацахь а, Румынин доза транзитехь хадош хилча а.
- Оьрсийчуьра а, Украинера а, Советан Iедал доьхначул тIаьхьа хиллачу мехкийн а, Европерчу пачхьалкхийн а бакъонашларъярхойн тобано кехат дахьийтира Интерполе, Оьрсийчуьра а, кхечу пачхьалкхашкара а бахархошна политикан бахьанаца тIаьхьабевлла леларехь гIоьналла латточу политикана дуьхаьло йе аьлла, кхайкхамбеш. Буьйцурш бу Интерполан системехула Оьрсийчоьнан дехарца лоьху нах. Царех дуккхаъчарех Кавказ.Реалиино йаздира – Нохчийчуьра мухIажарш бара уьш.
- ТIаьххьарчу беттанашкахь Европехь митингаш хилира нохчийн зудчунна Гериханова Аминина Оьрсийчу экстрадици ярна дуьхьал, иза Румынехь дIалаьцнера, украинхойн-румынхойн дозанехь. Де хьалха Румынин полици реза ца хилира нохчийн мухIажар Гериханова Амина маьршайаккха. Хетарехь, иза миграцин набахте хьажор ю 30 денна. Оьрсийчоьнан дехарца Интерполон лехамашка еллера иза – мухIажар бехкейо Шеман дозана тIехь боьлхучу тIемашкахь дакъалацарна. Пхи шо гергга хьалха Нохчийчуьра дIаяхара Гериханова, цул тIаьхьа Киевехь ехира иза.
- Лахьан-беттан юьххьехь Румынин Лаккхарчу кхело Нохчийчуьрчу йахархочунна Гериханова Аминина мухIажаран статус луш сацамбира.