ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчуьра кегийрхойн йоллу юкъараллийн куьйгалла дийр ду Кадыровн кхиазчу кIанта


Нохчийчоь, Соьлжа-ГIала
Нохчийчоь, Соьлжа-ГIала

Нохчийчоьнан куьйгалхочун 16 шо долу воI Кадыров Ахьмад цхьаьнакхетта Оьрсийчоьнан дешаран министрца Кравцов Сергейца "кегийрхой кхиоран керла некъаш" дийцаредан. Репортаж гайтина меттигерчу ЧГТРК "Грозный" канало.

Оьрсийчоьнан берийн а, кегийрхойн а боламан куьйгалхочун дарже мехкан урхалхочун кIант хьалхататтарна тIетайна федералан министр. Цхьанакхетарехь дIахьедира, цо куьйгалла а деш, регионехь мел йолу берийн а, кегийрхойн а организацеш вовшахтухур ю аьлла.

ЧIагIдарехь, Кадыров Ахьмадан гIуллакхдар хьажийна хир ду пачхьалкхан политика Нохчийчуьра "берийн а, кегийрхойн а интересашкахь" хилийта.

  • Кавказ.Реалиино хаамбира, пачхьалкхан лаккхарчу даржашкахь хиларх Кадыров Рамзанан бераш, йишин-вешин доьзалаш, шичой, маьхчой. Верриг а, редакцин лараршца, кеп-кепарчу хенашкахь пачхьалкхан даржашкахь вара Кадыров Рамзанан цIийнах 100 ца кхоччуш гергара стаг. Шен нах даржашкахь лакхабахарна шегара бехкаш даьхча, Нохчийчоьнан куьйгалхочо дIахьедира: "Суна эхь-м ца хета. Ас сайн къомах а, махках а жоп луш хилча, со ларош а хилча, царна хIун бен ду, министр, кIоштан куьйгалхо, йа Iедалан урхаллехь милла хиларх. Сан кIезиг бала бу цуьнца".
  • 2010-чу шеран гIуран-баттахь Нохчийчоьнан куьйгалхочун шолгIа йоI, Кадырова Хадижат школазхойн дешаран департаментан хьаькам хIоттийра.
  • Кадыров Рамзан санкцийн тептаршка ваьккхина адамийн бакъонаш шога хьешарна. Иштта санкциш хьакхало цуьнан хIусамненах Кадырова Медних а, церан йоьIарех Кадырова Iайшатах а, Каринех а. Царна доьхку шайн пачхьалкхашка дахка а, белхан контакташ латтон а, Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн дозанаш тIехь активаш совцийна церан. Хьалхо Кадыровна дуьхьалъехира экономикан санкциш а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG