ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчуьра кхел дуьхьал хилла Мусаева Заремин гIуллакх кхечу регионехь листийта


Мусаева Зарема

Соьлжа-ГIалин Ленинан кIоштан кхелехь кхеташо хилла полисхочунна тIелатарна бехкейеш йолчу Мусаева Заремин гIуллакхехула, бакъоларъярхочун Янгулбаев Абубакаран ненан.

Адвокаташа кхайкхам бира гIуллакх таллар кхечу регионе дехьедаккхар доьхуш, хIунда аьлча церан шеконаш яра Нохчийчохь озабезамаш а боцуш, нийсонца гIуллакх толлург хиларх, хаам бо "Iазапашна дуьхьало латточу тобано". Амма кхелахо Эдиев Муса процедурин бахьанашца реза ца хилла иза листа езаш йолчу инстанце кхайкхам дIакхачийта – юккъерчу юрисдикцин 5-гIа кассацин кхеле. "Iазапашна дуьхьало латточу тобанехь" дийцира Кавказ.Реалиига, кхелахочун бакъо яра иза дан, амма бакъоларъярхошна хетарехь, бух боцуш пайда эцна цо цунах.

Иштта суьдхочо тIе ца эцна бехкеваран сацам бечу юкъанна низамаш хедийна хиларан бахьанца гIуллакх прокуроре юхадерзо.

Мусаеван адвокаташа юха а дIахьедина шайна тIаьхьбевлла нах хиларх – уьш мангал-баттахь Соьлжа-ГIала баьхкича хилла йолу машен яра царна тIаьхьа лелаш.

  • Дечкен беттан 20-хь Нохчийчоьнан Чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин (МВД) белхахой Мусаева Заремин а, кхелахо лаьттина волчу Янгулбаев Сайдин а Нижний Новгородерчу петар чу а лилхина, нуьцкъаха Мусаева Соьлжа-ГIала дIийигира, теше санна хеттарш дан. ДIалоцучу юкъанна Мусаевана йиттинера, кхетам чуьра а йоккхуш, иза дIаюьгуш хиллачу нохчийн ницкъахоша тIе бедарш ца йохийтира, диабетах бала хьоьгуш хиларна цунна оьшу инсулин а схьа ца эцийтира.
  • Цкъа дуьххара Мусаевана кхело 15 дей-буьйсий туьйхира чохь даккха, полисхо сийсазварна бехке а йина, цул тIехьа цунна дуьхьал бехктакхаман гIуллакх диллира – дийцарехь, протокол хIотточу юкъанна полисхочунна тIекхетта аьлла, Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана бахарехь, "цуьнан бIаьрг боккхуш лаьттара цо". ТIахьо хьарамлонаш лелорна бехк биллина цунна. Дуьххьара Нохчийчу дIайигира иза оцу гIуллакхехула, амма теше санна хеттарш дан. Амма Мусаевас чIагIдо, шен ю боху гIоьнча цкъа а гина яц шена.
  • Лачкъийна ши кIира даьлча бен дуьххьара Мусаева Заремина тIекхача аьтто ца белира адвокатан. Чохь латто сацам беш кхел йоьдучу юкъанна Мусаева кхетамчуьра яьлла яра. Товбеца-баттахь хиллачу кхелехь лазар а деана, охьайоьжнера иза.
  • Кадыровхой ЯнгулбаевгIарна тIаьхьбевлла хьийза оппозицин 1ADAT телеграмера канал бахьанехь, цуьнца воьзна ву Мусаеван шолгIа кIант Янгулбаев ИбрахIим.

Коьрта теманаш

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG