ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчуьра кхел йина ЛГБТ-жимстаг дуьйцуш бахьана а доцуш карцер чохь латтош ву

Магамадов Салехь а, Исаев Исмаил а
Магамадов Салехь а, Исаев Исмаил а

Краснодаран кIоштарчу Ахтарский эвлахь номер 11 йолчу колонин карцерехь Нохчийчуьра ЛГБТ-жимстаг Исаев Исмаил латтон 19 де а ду. Билгалъяккхазчу ханна, дуьйцуш бахьана а доцуш, ШИЗО хьажийна иза.

СК SOS кризисан тобано бечу хаамца, юьхьанца Исаев карцер чувоьллира 15 дей-буьйсий хан а тоьхна, цунна хан тоьхначу Iедалан къепеца "магош" ду аьлла. Марсхьокху-беттан 6-чохь араваьккхира иза, цул тIаьхьа оцу сохьта юха а цу чу кхачийра, мел хан яккха деза а ца хоуьйтуш.

Цуьнца цхьаьна кхел йина цуьнан ваша Магамадов Салехь стенгахь ву хIинца а хууш дац. "Владимирский централ" олучу номер 2 йолчу набахтера "дIавайна" иза – Товбеца-беттан 15-чуьра дуьйна адвокаташ цунна тIебуьтуш бац, ца хоуьйту царна Магамадов волу меттиг а, Товбеца-беттан 25-чохь кехат цуьнан шен кара даларх хаам кхаьчнашшехь.

СК SOS кризисан тобанца юкъахь болх бечу адвокаташа Товбеца-беттан 27-чохь кассацин арз чуделира вежарийн гIуллакхехула.

  • Нохчийчуьрчу ТIехьа-Мартанан кхело бехкевеш сацамбира 20 шо долчу Магамадовн а, 18 шо долчу Исаевн а хьокъехь Чиллан-беттан 22-чохь. Нохчийчуьрчу Лакхарчу кхело апелляцин кхелехь листира иза Стигалкъекъа-беттан 11-чохь, амма хийцам боцуш битира. ТIемалошна гIо дина аьлла, бехкаш дехкира цу шинна. Магамадовна бархI шо тоьхна, Исаевна – ялх шо.
  • Магамадов а, Исаев а къар ца ло, шаьшиъ цхьана а хIуманна бехке вац бохуш. Адвокаташа тергалдо бехке хиларх тоьшалла дина цахилар а, кхел йоьдучу заманчохь низамаш дуккхаза дохийна хилар а, царна хета, вежаршна тIаьхьабовлар церан сексуалан ориентацица а, гендеран идентификаллица а доьзна хилар (цу шиннах цхьаъ гей ву, важа гендере дехьавала дагахь хиллера), иштта Нохчийчуьрчу Iедална оппозицехь йолу телеграм-канал лелор.
  • 2021-чу шеран Чиллан-баттахь Магамадов а, Исаев а лачкъийра Нижний Новгородерчу кризисан хIусамера, и шиъ Нохчийчу дIавигира. 202I-чу шеран Марсхьокху-баттахь цара дIахьедира, шайна йетта, бехкаш тIелаца бохуш. Царна тIехь къизаллаш лелорах бехктакхаман гIуллакх доло реза ца хилира Нохчийчуьра Талламан комитетан урхалла.
This item is part of
XS
SM
MD
LG