ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчуьра кхело адвокатан арз йухаделла. Адвокат къайлаваьккхинчу гейна тIе ца витна


Арсамиков Идрис
Арсамиков Идрис

Нохчийчуьра Iедалхоша лачкъийна, дIавигначу гейна Арсамиков Идрисна адвокаташ тIе ца буьту. Цара Шелковской - кIоштарчу кхеле цу хьокъехь арздина. Кхело и гIуллакх шаьш толлур дац аьлла. Иза дийцира Кавказ.Реалии сайтаца хиллачу къамелехь СК SOS тобанан декъалхочо Мирошникова Александрас.

Чиллин-беттан 17-хь чуделла дара арз. Шелковской-кIоштан МВД-декъан белхалоша адвокат чу ца витира. Арсамиков стенгахь ву, муьлхачу хьолехь лаьтта - хоуьйтуш дац. Амма Арсамиков дIалацаран сацамехь иза цу адресца ву аьлла, билгалдаьккхина ду, боху Мирошниковас.

Цо дуьйцу: шайн арз тергал цадаран бахьана цхьаъ ду аьлла суьдо - адвокатан удостоверени хила деззачу кепара кечдина дац.

Кхелан сацам аппеляцица йухабоккхур ду

Чиллин-беттан 17-хь дуьйна схьа Арсамиковн хьолах цхьанна тайпана хаам бац. Шина видеочохь бакъонашларйархойн гIо оьшуш вац ша, уьш шена оьшу шега ницкъ барца алийтина дара, бехира цо. СК SOS-белхалоша боху Арсамиков йетташ, сийсазвеш, латтош хила мега, вийна хила тарло.

  • Арсамиков Идрис чиллин-беттан 15, 16 деношна йуккъехь Домодедово аэропортехь дIа а лаьцна, нохчийн полицига дIавелла ву. Цара иза стенга вигна хууш дац. Арсамиков Нидерландехь Iаш вара. Стагаца уьйр лелош гучуваьлла аьлла, Iедалхоша дIалаьцна латтийна, таIзараш дина ведда вахана вара иза цига. Цхьа шо хьалха шен ден тезета веанера. Даймахкарчу Iедалхоша дерриге документаш дIадехира цуьнгара - оьрсийн "загран. паспорт", Нидерландехь делла паспорт, кхиндолу цуьнан кехаташ а. Нохчийчуьра Iедало таIзараш дина ву иза. Цундела хIинца цуьнан дахаран, могушаллина боккха кхерам бу боху, бакъонашларйархоша.
  • Арсамиков Идрис дIалоцучаьргахь хилла дIалацаран кехат Шелковской-кIоштан полицин хьаькамо куьг йаздина ду. И хьаькам ву Геремеев Рустам. Шелковской-кIоштан полицин куьйгалхо - 2015чу шарахь Борис Немцов веран хьокъехь бехкехила тарло аьлла лохуш волчу Геремеев Русланан ваша.
  • Чиллин-беттан 20-хь СК SOS кризисны тобано "Команда против пыток" тобанца цхьаьна ООН -не шиъ йаздина дIахьедар до, Арсамиков дIалацарах, къайлаваккхарах дерг дуьйцуш. И дIахьедарш ООН-но Оьрсийчоьнан Iедалхошка хаттарш луш, доьрзур ду аьлла тешна бу бакъонашларйархой.
  • Чиллин-беттан 23-хь Европан парламентан LGBTI Intergroup-фруман декъахоша Нохчийчоьнан Iедале Арсамиков Идрис дIахеца аьлла кхайкхам бина. Цу кхайкхамехь политикхоша Нохчийчохь Арсамиковна боккха кхерам бу аьлла, билгалдаьккхина ду.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG