ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчуьра кхерамех адвокатан дIахьедар талла сих ца ло Москвара талламхой


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Низамехь хIоттийначу кхаа дийнахь талламхоша ца листина адвокато Соломина Татьянас шен кIант лачкъор ву бохуш, Нохчийчуьра кхерамаш тийсарх чуделла арз. Доьзалехь латтийначу гIелонах веддачу махкара вахархочунна Соломинас гIо динчул тIаьхьа хилла хIума ду и.

"Гуш ду, эвсара а, шен хенна таллам бан а Iалашонца талламхочо мел а йоццачу хеначохь хеттарш дан гIурту арз динчуьнга. И цо деш дацахь, хаттар кхоллало оцу кепара таллам бан церан интерес йуй-те олий", - билгалдаьккхина "СК SOS" кризисан тобанан юристо Дроздовский Осипа.

"СК SOS" группехь билгалдаккхарца, зулам дина аьлла, дIахьедар чукхаьчча талламо гIуллакх листа деза кхо де далале, нагахь санна, цхьа цаторийла йолуш бахьана хIоттахь, 10 йа 30 дийне дахдан бакъо йу.

  • Хьалхо хаамашкахь дуьйцура, Нохчийчуьра 19 шо долу Тунжаханов Мохьмад цIера вадарх, дас а, вашас а "кадыровхойн набахте" дIалур ву аьлла, кхерамаш тийсича. Делахь а, вевзаш воцчу шина стага ларвина, жимстаг цIерпошта тIера охьаваьккхинера Тюменехь. Оцу сохьта цунна тIаьхьа веанера да, иза Нохчийчу йухавига. Аэропортехь цуьнца цхьаьнакхета аьтто хилира Соломинин – цо такси кхайкхинера цунна кхечу регионе иза дIавигийта.
  • ТIаьхьо Тунжахановс дийцинера, шеца хиллачу къамелехь нанас кхерамаш тийсарх, кхунна водуш гIо динчу бакъоларйархошна. Телефонехула хиллачу хабарехь цо дIахьединера, зен хиллачийн доьзало "уггар а боьхачу зуламхошна" мах баларх, Соломинин 13 шо долу кIант лачкъаве аьлла. Адвокато билгалдаьккхира, ша Iалашвечунна шен кIантах лаьцна информаци ша йелла йац, цуьнгахула нанна хуийла дацара аьлла.
  • Гезгамашин-беттан 4-чохь Соломинас латкъамбина шена кхерамаш тийсарх Москвара Талламан комитетан Бабушкинскан кIоташна йукъарчу декъе.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG