ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчуьра Лакхарчу кхело колонихь йитина политикан тутмакх Мусаева Зарема

Мусаева Зарема
Мусаева Зарема

"Мемориалан" бакъонашларъйархоша политикан тутмакх аьлла билгалъйаьккхинчу, вежарийн-оппозиционерийн ЯнгулбаевгӀеран нанна Мусаева Заремина тIаьххьара дина таIзар хийцам боцуш дитина Нохчийчоьнан Лакхарчу кхело.

Апелляцин хьокъехь шаьш бина сацам кхело оршотдийнахь тIеэцна, хаамбина адвокато Савин Александра. "Зарема Iалашйан бакъонаш шога талхийна хиларх, тешашка хеттарш дечу заманчохь лелийна харцо а, тоьшаллашца а, мукIарлонашца а шалхонаш хиллар а адвокато дIахьединашшехь, махкарчу Лакхарчу кхело таӀзар хийцанза дитина", - аьлла адвокато.

"Iазапашна дуьхьал Командо" билгалдоккху, Мусаевас шена дохку бехкаш тIелоцуш цахилар, шен кIентий Нохчийчуьра Iедалхошна луьйш хиларна, шена беш бекхам бу аьлла тешна иза хилар. Хьалхо дIадаьхьначу кхелан ладегIаршкахь къаьстира, оцу гIуллакхца зулам дан бахьана цахилар а, тешийн мукIарлонаш бIостане довлар а. Цул совнах, оццул долчу гIуллакхехула доллу тоьшаллаш зийна а, хеттарш дина а бевлира шина дийнахь.

Мусаева Зарема- нохчийн оппозиционерийн, ЯнгулбаевгIеран вежарийн нана йу. Цуьнан 56 шо ду. 2022-чу шарахь кадырохвоша лачкъийра иза, шен хIусамдеца иза йехачу Лаха Новгородехь. ХIетахь дуьйна лаьцна латтош йу иза, цуьнан могушаллица баккхий сингаттамаш боллушехь. Чу йоьллинчул тIаьхьа талха йолайелира цуьнан могушалла, цунах лаьцна дукхазза дIахьедира бакъонашларйархоша.

Мусаевана дуьххьара набахтехь йаккха хан туьйхира 2023-чу шарахь, цуьнан адвокаташа элира и бехкаш бух боцуш ду аьлла. Цунна тоьхна хан чекхйолуш, Мусаевана дуьхьал кхин цхьа бехктакхаман гӀуллакх схьадиллира: ша дарбан цӀийне йуьгучу заманчохь ФСИН-ан белхахочунна тоьхна аьлла.

Стохка марсхьокху-баттахь цу бехкаца кхо шой, 11 буттий таӀзаран набахтехь йаккха хан туьйхира цунна; тӀаьхьо цхьана баттана лахйира кхайкхийна хан. Шен тӀаьххьарчу дӀахьедарехь Мусаевас тIе ца лецира буьллу бехк, кхечу кхелан кхеташонашкахь а санна. Цо чӀагӀдора, ша цхьа а зулам ца дина, мелхо а волайнхо ша йу бохуш.

  • Охан-баттахь "Iазапашна дуьхьал Командо" ООН-е кхайкхамбира Мусаеван хьокъехь. Чуделлачу кехата тIехь билгалдаьккхина ду, билггал долу бахьанаш догIуш дац Iедалхоша дIахьедечаьрца аьлла.
  • Мангал-баттахь Мусаева Заремин йоIа Янгулбаева Алияс диллина кехат йаздира Нохчийчоьнан урхалхочун йоIе Кадырова Iайшате, шен нана маьршайоккхуш гIо дахьара аьлла. И кхайкхам цуьнан жоп доцуш битира.
XS
SM
MD
LG