ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчуьра ЛГБТ-декъашхо лачкъорах гIуллакх долон дуьхьал хилар доьазза йухадаьккхина прокуратуро


Соьлжа-ГIала. Архивера сурт
Соьлжа-ГIала. Архивера сурт

Нохчийчохь вехаш хилла волу ЛГБТ-н декъашхо Селимханов ИбрахIим лачкъорна тIехула бехктакхаман гIуллакх ма доладе аьлла Талламан комитето бина сацам доьалгIа йухабаьккхина прокуратуро. Цунах лаьцна дийцина СК SOS кризисан тобано. Талламхоша бинчу сацамна рогIера латкъам хьажийнера бакъоларйархоша.

Селимханов Дагестанехь вина ву, амма массо хенахь Нохчийчохь ваьхна ву. Гергарчара цуьнан сексуалан хьежамаш тIе ца лацар бахьана долуш доьзалера ведира иза. 2021-чу шеран стигалкъекъа-баттахь Селимханов Ибрах1им Москварчу метрона уллохь лачкъийра – нохчийн мотт а буьйцуш, рогIерчу вахархочун бедарш йоьхначу бевзаш боцчу наха лачкъа а вина, нуьцкъаха машена чу а тоьхна, аэропорте дIавигира иза, цултIаьхьа Соьлжа-ГIала йоьдучу рейсаца дIа а хьажийра. Соьлжа-ГIалахь лачкъийнарг левира, бакъоларъярхойх лаьцна дийца бохуш, тIаккха гергарчу нехан кара дIавелира. Шена вада меттиг а лехна, новкъахь кхетачу машенашца Нохчийчуьра дIавахара иза. ХIинца кхерамазаллехь ву.

ГIадужу-баттахь кIошташна йукъарчу прокурато тIечIагIдира, меттигерчу Талламан комитето "шога текхадо" Селимхановн хьокъехь таллам бар.

  • Гезгмашин-баттахь хиира, прокуратуро Селимханов ИбрахIим лачкъор листар сатталаман декъана т1едиллина хилар.
  • Арсамиков Идрис чиллин-беттан 15, 16 деношна йуккъехь Домодедово аэропортехь дIа а лаьцна, нохчийн полицига дIавелла ву. Стагаца уьйр лелош гучуваьлла аьлла, Iедалхоша дIалаьцна латтийна, таIзараш дина ведда вахана вара иза цига. Цуьнан дахаран, могушаллина боккха кхерам бу боху, бакъонашларйархоша.
  • Товбеца-баттахь бакъоларъярхочо Кочетков Игоря МВД-на а, Талламан комитетана а, прокуратурина а тIедожийра Соьлжа-ГIалара вахархо Дадаев Ризван цуьнан сексуалан хьежамашна тIехула дIалацарца долу гIуллакх таллар. Жимастаг верна кхоьрура иза.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG