ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кхел йинчу Нохчийчуьра ЛГБТ-жимстагаца цхьанакхетар нисделла адвокатан ши бутт баьллачул тIаьхьа


Магамадов Салехь а, Исаев Исмаил а
Магамадов Салехь а, Исаев Исмаил а

Кхел йинчу Нохчийчуьрчу ЛГБТ-жимстагаца Магамадов Салехьца цхьанакхетар нисделла адвокатан Немов Александран, "Владимирский централ" аьлча дика евзачу Владимирерчу номер 2 йолчу набахтехь.

Ши бутт а бара Немов ша Iалашвечуьнца цхьанакхета гIерта, амма номер 2 йолчу набахте иза чу ца вуьтура, йа Магамадов стенагахь ву хоуьйтуш дацара.

Цхьанакхетар дерззалц адвокатца цхьаьна вара оцу цхьанакхетарехь набахтен белхахо, яздо SOTA ресурсо. Немовс бахарехь, цунна хетарехь, юридикан гIоьнца догIуш доцу хеттарш дан бакъо ца юьтура цо кхунна, кхерам туьйсура, цхьанакхетар юкъахдоккхур ду ша олий. Иштта Магамадовн аьтто ца хилира шегарчу хьолах лаьцна дийца, муьлха книгаш еша цунна оьшу хатта а.

Соьлжа-ГIалара Владимире Магамадов дIавуьгуш даьлла 56 де. Марсхьокху-беттан 2-чохь кхачийна иза цига. Цо дийцарехь, ворхI гIаланехула яра этап – Георгиевск, Волгоград, Ленинск, Казань, Ижевск, Киров, Ковров. Дукхахйолчу оцу гIаланашкахь даьккхина цо итт-итт де.

Магамадовн дешнашца, Соьлжа-ГIалара номер 1 йолчу СИЗО-ра иза дIавуьгучу заманчохь бертаза месаш дIаяьхнера цуьнан. Ткъа Волгоградехь цуьнца цхьана камери чохь верг набахтен администрацицадевне ваьллча, таIзар динера Магамадовна а цхьана, этапе вуьгучу рогIерчу меттигехь карцер чу а вуллуш.

Магамадовс иштта дийцина, динчу таIзарна Товбеца-баттахь адвокаташа чукхачийначу кассацин латкъамех лаьцна кехат кхечира шега, дуьхьал жоп дохьуьйтуш дIахьедина, кхеташо ша а, адвокаташ Немов Александр а, Алексеев Марк а цхьана а волуш хилийта аьлла.

  • Нохчийчуьрчу ТIехьа-Мартанан кхело бехкевеш сацамбира 20 шо долчу Магамадовн а, 18 шо долчу Исаевн а хьокъехь Чиллан-беттан 22-чохь. Нохчийчуьрчу Лакхарчу кхело апелляцин кхелехь листира иза Стигалкъекъа-беттан 11-чохь, амма хийцам боцуш битира. ТIемалошна гIо дина аьлла, бехкаш дехкира цу шинна. Магамадовна бархI шо тоьхна, Исаевна – ялх шо.
  • Магамадов а, Исаев а къар ца ло, шаьшиъ цхьана а хIуманна бехке вац бохуш. Адвокаташа тергалдо бехке хиларх тоьшалла дина цахилар а, кхел йоьдучу заманчохь низамаш дуккхаза дохийна хилар а, царна хета, вежаршна тIаьхьабовлар церан сексуалан ориентацица а, гендеран идентификаллица а доьзна хилар (цу шиннах цхьаъ гей ву, важа гендере дехьавала дагахь хиллера), иштта Нохчийчуьрчу Iедална оппозицехь йолу телеграм-канал лелор.
  • 2021-чу шеран Чиллан-баттахь Магамадов а, Исаев а лачкъийра Нижний Новгородерчу кризисан хIусамера, и шиъ Нохчийчу дIавигира. 2021-чу шеран Марсхьокху-баттахь цара дIахьедира, шайна йетта, бехкаш тIелаца бохуш. Царна тIехь къизаллаш лелорах бехктакхаман гIуллакх доло реза ца хилира Нохчийчуьра Талламан комитетан урхалла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG