ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчуьра Мовлаев Мансурна тховкIело ца йала бина сацам хийцанза битина Казахстанера кхело

Мовлаев Мовсар
Мовлаев Мовсар

Нохчийчуьра ведда веанчу мухIажарна Мовлаев Мовсарна тховкIело ца йала бинчу сацамна тIетайна Казахстанан Кассацин кхело. Официалан версица а догIуш, Оьрсийчу дIахьажавахь, шена кхерам латтарх тоъал тоьшаллаш ца далийна цо.

Оцу сацамах лаьцна хаамбина "Новая газета Европа" хьасто адвокатана Дроздов Вадимна тIетевжина. Цо дийцарехь, хIинца Мовлаев Оьрсийчоьнан Iедалхошка дIавала кхерам "хаъал лакхара" хир бу.

Мовлаев лаьцна ву Алматахь 2025-чу шеран стигалкъекъа-баттера схьа дуьйна. Иза лаьцна вуьтуш бина сацам товбеца-баттахь кхело кхин дIа а бахбира гIуран-батте кхаччалц. Оьрсийчоьно дIавоьху иза талораш дарна бехкевина, ткъа Мовлаевс чIагIдо, шайггара дуьхьал даьккхина гIуллакх ду и бохуш.

Гезгамашин-беттан йуьххьехь Цхьанатоьхначу Къаьмнийн организацин адамийн бакъонашкахула йолчу лерринчу докладхочо Кацарова Маринас дIахьедира, нагахь санна Мовлаевна экстрадици йахь, "цуьнца къизаллаш лелор йу" аьлла.

  • 2022-чу шеран марсхьокху-баттахь Шела кIоштан чоьхьарчу гIуллакхийн белхахоша лачкъийра Мовлаев, цул тIаьхьа иза латтйира Нохчийчуьра цхьана "къайлахчу набахтехь". Цуьнан эххар а ка йелира цIера вада, кехаташ карахь а доцуш кхечира иза ГIиргIазойчу.
  • 2023-чу шарахь Мовлаевна 6 бутт хан туьйхира Бишкекан кхело, бакъо йоцуш шайн пачхьалкхан доза хадорна. Шена тоьхна хан чекх ма йоллура, Мовлаев дIавахара ГIиргIазойчуьра. 2024-чу шеран гIадужу-баттахь цо кхайкхам бира, шен вежарий Зелимхан а, Хьамзат а лачкъийна вигина аьлла.
  • 2025-чу шеракн стигалкъекъа-бутт йуккъе баьллачу хенахь Мовлаев лецира Казахстанера Алматахь, Оьрсийчоьнан дехарца. Нохчийчуьра вахархо йуха а лецира, цо шена тховкIело йоьхуш чу кехат делира, амма казахстанхойн Iедалхоша дуьхьало йира цунна. Ткъа 2026-чу шеран йуьххьехь пачхьалкхан Коьртачу прокуратурано Мовлаев схьавоьхучу Оьрсийчоьнна жоп делира.
  • Кху бIаьста Нохчийчохь веха Мовлаевн ваша чолхечу чевнашца дарбанан цIийне кхачийра, дуьйцура полицин декъехь тIехь гIело латтийначул тIаьхьа иза цига кхаьчнера.
XS
SM
MD
LG